ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Банкан декхарна дуьхьал машен схьаяьккхина полицино


Соьлжа-ГIалин вахархочун долара "Камаз" олу машен дIаяьккхина махкарчу кхелан пурстоьпаша.

Болчу хаамашца, Россельхозбанкехь цхьа миллион сов кредит а эцна, и дIатакхаза хилла цо. Еарийндийнахь некъан полисхоша декхархо лаьцна рейдаш дIахьочу муьрехь. Иттех дийнахь шена тIера банкан декхар дIа ца лахь, вахархочун машен Росимуществон долаерзор ю Iедало.

"Камаз" дIайоьхкинчу ахчанца тIерадоккхур ду Россельхозбанкан кредит.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG