ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрино депорт кхайкхийна нохчийн мухIажирна


Венехь 7 шо даьккхина волу нохчийн мухIажар Оьрсийчу дIахьажон сацам бина Австрерчу мигрантийн хьукмато. Аслан цIе йолу и 37 шо долу стаг кхаа беран да ву, цуьнан хIусамнана Асмаъ 2007-чу шарахь дуьйна Австрехь политикан тховкIело йолуш ю. Делахь а, Асланан тховкIело йоьхуш чуделлачу дехарна хIинца пхеазлагIа негативе жоп делла Австрин Iедалша.

Кху шарахь школе яха езаш ю йоккхахйолу йоI а, 4 шой, ши шой кхаьчна долу жимах долу ши бер а, хIусамнана а Венехь а дуьтуш, даиманна а Оьрсийчу дIаваха везаш ву доьзалан да, меттигерчу Iедалша бинчу сацамца.

МухIажаран адвоката Лепши Андреаса Маршо Радион корреспонденте бинчу хаамца, гIеххьачул немцойн мотт Iамийна Аслан хиларо а, иза цхьана фирмехь шопар дIаоьцар волуш хиларо а, ткъа иштта цуьнан берийн шайн дена тIекхочехь хила бакъо хиларо а гIо ца до жимчу стагана, Австрехь виса.

Иза гергарчу хенахь я шен лаамца махках вала везаш ву я Iедалхоша ницкъах Москоха доьдучу кеманна тIеваккха там бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG