Къилбаседа Кавказан тIеман кхело ши шо хан тоьхна Нохчийчоьнан вахархочунна Чигиев Аптина, террорхочунна ахчанаш латтийна аьлла.
RostovGazeta-на бина и хаам кхелан пресс-секретара Катькало Аленас. Кхелахоша дийцарехь, стохка аьхка Устрада-гIалахь Шема ваха гIертачу шена вевзачу цхьанна эзар сом делла хилла цо.
Терроризманана финансаш латторна аьлла бехке а лерина, шина шарна набахтехь яккха хан кхайкхийна Чигиевна.