ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эпсаро йийначу ненан йоI кхелхина


Стигалкъекъа - беттан 9-чу дийнахь Теркйистерчу ЧIуьлга-Юьртарчу кафехь эпсаран карах тапча яьлла, йийначу Iели-Юьртарчу Шахмаева Небин ши шо долу йоI кхелхина аьлла хаамбо Маршо Радион хьосташа.

ЦIеххьана могушйоцуш а хилла Мазалкерчу дарбан цIийне кхачийнера и йоI еарийн буса, дагар охьа ца долуш. ДогIу дарба а лелийна, юхабогIучу хенахь, тIаккха а дагар цIехьана хьала а даьлла, кхи метта ца йогIуш елла йоI.

Шахмаева Неби цIийнда велла, шен децIахь кхаа бераца ехаш яра. Оцу юьртарчу бахархоша даредарехь, Хоси-Юьртарчу вахархочо герз тоьхна йийначу зудчун хьокъехь Нохчийчуьрчу къеданийн Кхеташонан куьйгалхо Кадыров Хож-Ахьмад маслаIате а веана, дIадирзира шина цIенна юккъе иккхина луралла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG