ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Бакъонашларъярхой "хайп" лаца гIерта"


Йоцу проблемаш а ялхош шайна дивидендаш гулйо бакъонашларъярхоша аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана. И тайпа бакъонашларъярхойн гIайгIа яц адамин бакъонийн, церан социалан, медицинан, инфраструктурийн, дешаран проблемийн, уьш катоьхна "хайп" лаца гIерта. (ингалсан маттера "hype" дешан маьIна ду "Iехор", цхьана хIуманна гонах гIовгIа а яьккхина и дийцаредар). Telegram-канале дина Кадыровс и къамел.

"Адамашна хьалха лаьттачу баккъалчу халонех, баланех ма ца дуьйцу цара, цу тIехь гранташ яхалур яц", - аьлла мехкан куьйгалхочо.

Цо бахарехь, Малхбузен, Оьрсийчоьнана а бакъонашларъярхойн уггар а езаелла меттиг ю Нохчийчоь.

Ма-дарра дийцича, боху Кадыровс, цара лелориг доккха зулам ду, хIунда аьлча, бакъонаш талхийначарна тIехIуьтту уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG