ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЦРУ-н хилла директор реза вац Трампна


Бреннан Джо
Бреннан Джо

Iамеркан къайлаха сервисаш аьшнаш еш президента Трамп Доналда къамел даран хьокъехь шога вистхилла ЦРУ-н хилла директор Бреннан Джон.

"Трампа инзаре сийдайина Iамеркан талламчийн юкъараллан нацистийн Германица уьш нис а беш. Ла ца даллал хIума дара и, ас иштта телефонехула Трмапна дIа а хаийтина", - дIахьедина Бреннана Колорадохь йоьдучу Iилман конференцехь.

Цо бахарехь, догреза хуьлий тIетов Трамп, нагахь санна талламхойн жамIаш цунна хетачуьнца догIуш делахь. Масала, Къилба Корейга, Шема я ГIажарийчоьне цуьнан болчу хьажамашца бIоста ца хилахь. Амма мах хадор цхьана эшарехь ца хилахь, Трампа нахана юккъехь сийсазйо талламхойн тоба аьлла Бреннана.

"Суна чIогIа новкъадеанера", - билгалдоккху ЦРУ-н хиллачу директора, - Гамбургехь Путине куьйг а делла, "хьоьца цхьанакхетар суна Iаламат сийлалле ду" Трампа алар. Iамеркан демократин кур малдинчу, ГIирмина аннекси йинчу, Украине чугIоьртинчу, оьрсийн оппозицехь болчу нахана репрессеш йинчу стаге муха эр ду и тайпа дешнаш?!".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG