ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIиндойн режиссерна тайна нохчийн мохк


ХIиндойн режиссер Сиггх Гурбачан Бобби а, "Арсан" куьйгалхо Гапураев Руслан а.
ХIиндойн режиссер Сиггх Гурбачан Бобби а, "Арсан" куьйгалхо Гапураев Руслан а.

ХIиндойчоьнан кинематографи Нохчийчу ян лууш бу. Иза даре деш Нохчийчу веъна цигара говзанча Сиггх Гурбачан Бобби. Оцу искусствохь къахьоьгучу говзанчашца уьйраш а тесна, цхьацца проекташ ян Iалашонехь ду цуьнан.

Цуьнца къамел дира Маршо Радио Соьлж-ГIалахь, цуьнан белхан накъоста Гапураев Руслана куьйгалла дечу "Арс" цIе йолчу кхоллараллийн лабораторехь. Сиггха дийцира ша Нохчийчу кхачарх лаьцна.

Сиггх: "Сан уллерачу накъосташа кхайкхиина веана ву со Нохчийчу. Сан Iалашонехь ду кхузахь дуьненаюккъера йозаллехь проекташ кхочуш ян. Хаза гIала ю хIара. Къам а дика ду. ГIиллакхаш а, кхидерг а чIогIа тера ду тхайчарех. Со со ХIиндойчоьнан Къилбаседехь йолчу Пенджаб штатера ву.

Вайн култура а, ламасташ а цхьанадогIуш ду. Нах а, къам а доккха похIма долуш бу. И похIма схьаделла деза. Сайчух тера ойланаш йолуш дукха нах карийна суна. Кхузахь айъян лаьа суна нохчийн кинематографи".

Бобби суна вевзина цхьа ши кIира сов хан ю. Соьлж-ГIалахь цхьана кафе чохь вевзира тхойшиъ. Фейсбукан эфирехь иза гайтича, цхьаболчу нохчийн хьажархоша язйира "хIахI, хIинца беламе йолу хIиндойн фильмаш яра хьуна вайна оьшуш", аьлла. Ма хетта дац хIиндойн киношчохь, цаьргахула йовзуьйтуш ю оха тхайн пачхьалкх дерриге а дуьненна боху Сиггха.

Сиггх: "ХIиндойн киноша эмоцеш ло. Ловзар а, безам а бу цигахь. Леташ кинош а йоху тхо долчохь. Оьрсийчохь олуш ду-кх, цкъа буй тухий итт вожаво. И кино берашна го, царна хаза а хета иза. Тхан кино-туьйра ду массарна а хазахеташ долу. Тхан мохк бевза киношчухулла. Тхан фильмаша чохь дуккха а хIума гойту. Цу чуьра иза схьа а оьцуш, нохчийн фильмаш чу а дуьллуш яха еза, нахе тIеэцийта".

Бобби Пакистанан дозанехь дехачу къомах ву. Коьртах цара куйнан тайпа хьарчадо 6 метар деха цIе а, сийна а кIади. Цундела Соьлж-ГIалахь чIогIа инзаре хета иштта тамашийна духар доьхна стаг гича. Шена Боббина хетарехь, хIиндойн кинематографера дика мел дерг схьаэцча, Нохчийчохь, нохчашца дукха хаза а, дика а фильмаш яхалур яра.

Сиггх: "Тхан филмаш нохчийн кинох цхьанатоха мегар дара. Тхан хьажархошна чIогIа еза локаци. Нохчийчохь чIогIа хаза локаци ю, Швейчарехьчул а. Тхан сценарий ю сайн доттагIчунца Русланца оха кечйина. Иза кхочуш ян аьтто хир бу тхан тхайн накъосташца а, къоман пурбанца а. ЧIогIа дика ю сценарий, нохчийн гIиллакхех а, Iадатех а ю иза".

ХIиндойчоьнан режиссерца а, сценаристаца а Сиггх Гурбачан Боббица шай уьйрех а, хинболчу балхах а, дийцира "Арс" цIе йолчу кхоллараллийн лабораторин куьйгалхочо Гапураев Руслана.

Гапураев: "Оха кхайкхина валийна ву хIара. Бан безаш дуккха а болх бу. ХIинца доладелла-кх хIара. Цкъачунна маца кхочуш хир ду олийла дац. Амма коьртаниг лаам а, Iалашо а ю. ТIаккха гур ду-кх деш дерг".

ХIиндойн кинематографица дуьххьара уьйраш яц Нохчийчоьно дIатесина. Ши шо хьалха дIакхайхкинера меттигерачу Iедалхош "Дика доттагIий" аьлла фильм, юкъахь нохчийн а, хIиндойн а актераш а болуш, яккха йолийна шаьш аьлла хаам бара, амма тахана а хьовсархойн ган таро ца хилла и кино.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG