ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцойн йоI караеана Мосулехь


Исламан дин тIеэцначул тIаьхьа Германера едда яхана йоI гучуяьлла Иракъехь. Ассошиэйтед Пресс агенталло шоьтадийнахь бинчу хаамашца, Дрезденан прокуроро Iораяьккхина и информаци.16 шо долчу Линда цIе йолчу йоIана гIо латтадо Иракъерчу Германин векалалло, дIахьедо прокурора Хаазе Лоренца.

Прокуроро тIе ца чIагIдо, и йоI джихIадхошца Мосулехь тIом беш хилла бохуш, хаамийн зорбанаша дуьйцург. "Шо хьалха Истамбуле и йоI ма кхеччи тахн тергонера дIаяьлла иза", боху прокуроро.

Мосул гIала Иракъан эскарша схьаяьккхинчул тIаьхьа масех кхечу пачхьалкхашкара зударий-тIемалой лаьцнера. Амма цаьрца Линда хилла я ца хилла ала информаци яц Хаазехь.

Кху кIиранах шуйрра дуьйцура хьосташа, "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанерчу цхьана Iарбочо социалан зIенашкахула дог-ойла ира-карахIотийна хилла немцойн зуда лаьцна Мосулехь бохуш. Цхьаболучара иза Линда ю яздора, вукхара ДаIишхо-нохчо ю я исламхоша закъалтехь латтийна езидийн зуда ю бохуш

БIеннашкахь, шайлахь зударий а, кхиина богIу мехкарий а болуш, тIаьххьарчу шерашкахь дIаихна Германера Шемарчу а, Иракъерчу а тIемашка хIитта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG