ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

72 доьзал юхавовшахтоьхна Соьлж-ГIаларчу мэрино


Кхо кIира а ду Соьлж-ГIалан Iедал дIасабевлла доьзалш юхавовшахтухуш болх беш долу. Цуьнан карарчу хенахь долу жамI довзийтина мэро Хучиев Муслима цу хьокъехь кхоьллинчу комиссин рогIерчу кхеташонехь. Цо бинчу хаамца, 72 доьзал юхавовшахтоха аьтто баьлла цу хеначохь.

Дика болх барна баркалла а аьлла, Хучиевс кхайкхам бина комиссин декъашхошка, беш болчу белхан болар лахмаде аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG