ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Яйна йоI шен дех дIатоьхна Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Инстаграмерчу шен агIонтIехь хаамбина, Туркойчоьнан а, Шемин а дозанехь шен ненаца а, цуьнан майрачуьнца а лаьцна 6 шо долу йоI дех дIатоьхна хиларх. Саратов кIоштарчу Уханов Сергейс хьалхо Кадыровга гIо дехнера, шен йоI цIа ерзош гIо дахьара аьлла.

"Туркойн Iедлашца цхьа барт а хилла, йоI шен дех дIатоьхна. Ас даггара баркалла боху Думан депутатна Делимханов Адамна а, Туркойчуьрчу шен векална Сейфеттин Эргувен Айханна а, иштта туркойн Iедална а", - яздо мехкан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG