ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Немцов вуьйш дакъалаьцначу Эскерхановна компенсаци ялар тIедожийна Оьрсийчоьнна Европерчу кхело


Франци -- Европера адамийн бакъонашкахула йолу кхел (European Court of Human Rights (ECHR) ), Страсбург.
Франци -- Европера адамийн бакъонашкахула йолу кхел (European Court of Human Rights (ECHR) ), Страсбург.

Немцов Борис вуьйш дакъалацарна чувоьллинчу Эскерханов Темирланна 6 эзар евро компенсаци ялар тIедожийна Оьрсийчоьнан Iедалшна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Цу стага латкъам бинера Европерчу кхеле талламан иолятор чохь ша латтош хилла хьелаш вон дара аьлла. Цул сов иза реза вацара Басманан суьдо шен гIуллакх къастош лелийначун.

Цу кеппара латкъамаш бинера Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле Эскерханов санна, Немцов верна бехке а бина, хан тоьхна болчу вежарша ГубашевгIара – Анзора а, Шадида а. Амма уьш тIецаэцна Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG