ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIирийн боксер дIаэцна "Ахмат" клубе


Козаев Аслан.
Козаев Аслан.

Боксан IBO версица дуьненан чемпион волчу Козаев Аслана контракт йина Соьлж-ГIаларчу "Ахмат" клубаца, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Цо дийцарехь, Козаевс ша цу контрактана тIе куьг таIош даьккхина сурт "Ахмат» - сила" аьлла дIахIоттийна инстаграмехь.

Козаев Нохчийчу дIавахарна реза бац цуьнан фанаташ. Амма спортхочо боху шена реза боцу нах цхьана а хIуманах кхеташ бац.

"Ахмат" клубан цIарах шен хьалхара латар дIахьур ду Козаевс кху шеран Гезгмашин-баттахь Намиберчу боксерца Ушон Бетуэлца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG