ТIекхочийла долу линкаш

«Мемориал» бакъонашларйон центро бакъдина Нохчийчохь дуккха а нах лецна хилар. Цу вовшахтохаралло далочу тоьшаллашца, «Новая газето» яздинчу нахах 13 стаг баккъалла а лаьцна хилла ницкъаллан структурийн белхахоша 2016-чу шеран ГIура-баттахь а, 2017-чу шеран Дечкен-баттахь а.

«Цу нахах иссанна кхоллам хууш бац гергарчарна а, лулахошна а, бевзачерна а. Цхьаннах лаьцна гергарчаьрга официалан боцу хаам бина, иза «дог лазадаьлла» велла аьлла, - хаам бо «Мемориало» шен дIахьедарехь.

Новая газето Товбеца-беттан 9-чу дийнахь хаам бира, 2017-чу шеран Дечкен-беттан 26-чу буса, йина кхел а йоцуш, дуккха а нах тоьпаш тоьхна байина Нохчийчохь аьлла.

Царах 27 стаг цIарца вуьйцуш вара газето Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчоьнехула йолчу урхаллерчу а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун администрацерчу а хьасташна тIе а тоьвжаш.

Новая газето зорбане яьккхинчу артикална комментари йира Нохчийчуьрча Iедалан векло Умаров Джамбулата. "Дождь" телеканалана еллачу интервьюхь цо чIагIдора, цу тIехь дерг харц ду бохуш. Цунна хетарехь, Новая газетан артикал политикан чулацам болуш ю.

XS
SM
MD
LG