Кхин 25 шо далале ерриг а Британехь лела машенаш хир ю тоькан мотораш йолуш. 2040-чу шарахь дуьйна цу махкахь доьхкур ду бензин я мехкадьатта дагош лела машенаш а, гибридан мотораш йолу машенаш а йохкар. Цунах лаьцна дIахьедина Британин Iаламан министро Гоу Майкла.
ББС-но дийцарехь, юьхьарлаьцнарг цхьа дакъа ду махкахь хIаваъ цIандар Iалашонца Британин Iедало юьхьарлаьцначу программан.
Кочаягораг юттуш лела машенаш ца ян план ю шен аьлла дIахьедар дина Volvo концерно. Иза дагахь ю цIена тоькан мотораш йолчу машенаш ярна тIеяла 2019-чу шарахь.