ТIекхочийла долу линкаш

Петирова ПетIмат. Дахаран галморзахаллаш

Стохка бIаьстенан юьххьехь ду хIара…

Больницан учахь йоккха рагI лаьттара: цомгашнаш а, уьш балош цхьаьна баьхкинарш а бара шайн рагI тIекхачаре хьоьжуш. Уьш массо а бохург санна, со чуяха езачу неIара хьалха а бара (хетарехь, невропатолог оьшуш араваьллера массо а)… Охьахаа гIант кхочур ду бохург а бакъ дацара, я кхаьчча а, со охьахиъна Iийр ю бохург а… Цундела, больницан тхов кIелахь йолчу кафе чу а яхана, корех схьа бIаьргтоьхча, учахь лаьтта нах а гуш дIатаръелира, ле-вуьссу молха санна чIогIа дезаш долу «Липтон» а молуш…

Еша киншка схьа ца эцарна сайна дог а этIаш, кафе чу-ара бовлу нах тергал а беш Iара со…

Тайп-тайпанчу духаршца, тайп-тайпанчу амалшца, шайн-шайн сингаттамашца, хазахетаршца дехаш долчу цу адамийн тидам беш, масане ойланаш йора…

Наггахь вевза-везарг а нислора, хьал-де а хоттий, хьажа хIума дуй а олий гIиллакх а далош…

НеIарх чоьхьа ма-велли бIаьрг тIехIоьтти сан Хас-Мохьмадан хенара хирволчу кIантах (могуш-маьрша уьш чохь а битна араяьлча а, церан хенара бер гича, безам хета-кх)… Уллохь ерг нана йолчух тера дара… Шелделла хилар а гуш дара и шиъ. Юург къестош башха къа а ца хьийгира цаьршимма, кисанара ахча дагар а дина, нанас цхьа стака чай а, кIанта кофе а йийхира…

ТIаккха, сехьа а даьлла, охьахиъча кIант цхьана хIуманан ойла еш вара, тIаккха цо нене аьлларг а шера хезира суна… «салат езара суна, оливье… кофе а ца оьцуш и эца йиш хир ярий… ахпорци?»… Нанас юха а кисанара соьмаш дагардира…

Дог Iийжара…тIе а яхана, цу кIантана еззарг эца лаара, амма сайх нийса цакхетарна кхоьрура…юха а, хьала а гIаьттина, тIеяха дог хуьлура, цIахь долу бераш дуьхьаллаьттара…царна луъург деш со гонаха хьийзар а…

Амма цу кIанта а, цуьнан нанас а тIе муха лоцур ду ца хаара сан даггара лелар…

Цу юкъана кIант салат йиъна велира…ахпорци…кеда чу бепиг а хьокхуш…

Айса молучу «Липтоне» хаьжира со…

Цу кIентан могушалла яра вуззалц яахIума яа… амма чот яцара…

Ткъа сан… кхин доккха хIума дацахь а, юззалц хIума яа йиш яра, амма могушалла яцара…

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG