ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвили Михаилера дIадаьккхина Украинан махкахо хилар


Одессан регионан губернатор хиллачу Саакашвили Михаилера дIадаьккхина цунна Украинан махкахо хила бакъо луш долу кехат. ТСН хьасто бинчу хаамца, Саакашвили Украинан махкахо волчура дIаваьлла, ша кечдинчу анкетехь харц информаци яларна.

2015-чу шарахь ша кечдинчу кехаташна тIехь цо хаам бина хилла шена дуьхьал схьадиллина цхьана а тайпа бехктакхаман гIуллакх дац аьлла. Ткъа хIинца Саакашвилина бехке диллинарг ду Гуьржийчохь, иза дуьхьал а воцуш, лаьцна аьлла Iедалша сацам бина хилар.

Саакашвилегара Гуьржийчоьнан махкалла дIадаьккхинера Iедалша 2015-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG