ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIмат. Цкъа ларамза синкъераме нисъелча…


Петирова ПетIмат. Цкъа ларамза синкъераме нисъелча…

ВерхIитта шо хьалха ду хIара… Веданахь вовшахтухучу литературни къовсадаларе даха машен а ца хилла, луларчу юьрта шен шичас нускал далийнчу йоьдучу нанна тIаьхьатасаеллера иза, зуда йоссийначе кхаьчнера со… Куьгбехкечо шен шича волчу доссийнера нускал… Дика дIадерзо дезачу кертахь цхьацца дезарш деш, кечамаш беш де дIаделира тхан. Сарахь нускале хьажа юьгур яц аьлла, кхерам а тесна, соьга а дайтира и дезарш, киншка йоьшучуьра гIатта дийзира сан, къовсадаларе ца яхана дог доьхна елахь а…

Апрель беттан денош а кхин башха деха хиларца билгалдевлла дацарна, суьйре кхачаре а деха хьежа ца дийзира… Сан накъостий-мехкарий дукха лерина кечбала буьйлира нускалдолчу баха… ишколан хормица ю ала мегар долу со а тIаьхьахIоьттира, цара куьзга къуьйсучу юкъана Дадашев Iабдуллин «Кхайкхаза хьаша» ешна яла гIерташ са а хаьдда… Амма тхаьш арадовла тохаделча, сайна улле бевлларш мелла а хаза а хетта, жимма царна тIекхиа дагахь чIаба охьахийцира, «коьрта йовлакх тилла» бохуш, ненан нанас тIаьхьа бетта мохь ца хеза кеп а хIоттош…

ДIакхаьчча нускале бIаьрг тоьхний, хьал-де хаьттиний довлале пондар-вота юкъадаьккхи… Баьрчерчу могIарехь мехкарий дIанисбели, церан могIа берзош, со юххе а тасалуш… неIарехьа болу могIа кIенташа а леци дIа… дуьйладели хелхарш… Киншкаш дIаевлча, шозлагIа хазахетар хелхар долчу суна гуш хIума дац, и хаза хелхарш доцург…

Амма суна хелхарш бен гуш ца хиллехь а, со гуш берш а хилла-кх…

Хелахаяла юкъаяьккхи вайн хьаша а… юха кхин цкъа а… тIаккха кхин а цкъа… Яла мел олу а, хIан-хIа ала а ца деза моьттуш, хелхар вайн хьешо а до…

ТIаккха, жимма дист а хуьлуш, вовшашка бIаьрг а тухуш хелхарш дечара, севци… Юкъалеларг (тхо долчу агIор човс ца олу) а схьакарий… ДIаса а хьаьвзина, вайн хьешана тIе а хIоьтти… «Оцу Хьенеха, схьахьожуш, хIума де боху хьоьга»…

Жима хIума дац сан эхь хетта хьовзар а, йоьхна хьовзар а… Дахарехь дуьххьара тIедеъна хабар ма ду хIара… Тхайн юьртахь йоккхахйолчу йишина тIаьхьа а тасаелла масехазза белхи яхча я синкъераме нисъелча, соьга аьлла хIума ма дацара иза…

Буса йижа халла чуйоьрзуш йолу со ца кхочуш меттиг бацара юьртахь… ишкол а, музыкин ишкол а, клуб а, хьуьжар а, бедарш тега Iамо курсаш а, хьуьжарехь тхоьца доьшуш йолу йоккха стаг йолчу дагарадийца а, тIаккха зударийн туркх йолчу цхьацца хIума хьехийта а, ишколехь дан дезаш долу пенан газет дан а, дешарна тIаьхьа ца кхуьу бераш Iамо а... кхин масане дара уьш… Цундела, кхин бехк а бацара сан, юьртарчу кегийрхойн зудабер ду аьлла соьга схьа ца хьаьвсича а, царна массарна а со шайн гергара хетара… берийн амалшкара ялаза а …

Ткъа хIинца соьга кхийдориг жима хIума ма дац… (суна хийтир-кха иштта)… «Схьахьожуш хIума де»… Дуьхьал хIун ала деза ас? Ца хьожу ала а ма ца лаьа… хьожу ала а эхь а хета… Сайн метта жоп далар юкъалелачуьнгахь дитар гIоли хийти суна… «Дика ду», аьлла, соьгара жоп хьуш яха важа-м… ТIаккха суна уллехьо, охьа а ца хууш, синкъераме хьоьжуш лаьттачу сан ненан шичин йоI хуьлуш йолчу сан нийсархочунна тIедаийти иштта хабар кхечу кIанта… Цо деллачу жоьпо со ойлане а йоккхуш… «Ден вешин баьрче а хиъна, хьоьга догдаха бакъахьа ца хета»… ТIаккха ас хIаъ ма аьлла, и нийса дуй аьллачу сан хаттарна жоп иштта делира: «Хьо хьаша ю… хьуна мегаш ду…»… ТIаккха-м сапаргIатдели сан…Маьрша доцу хIума а ма ца дезара цкъа а…

Шен рогIехь синкъерам дIабоьдуш, дIахьожур ю аьлла тIелаьцнехь а, цу агIор хьажча, дуьне а сайна тIекхетар долуш санна, лаьттан бIаьра йогIаеллачуьра хьала ца таьIачу суна дагатеси: «Деллахь, хIара догдахар тIе а лаьцна, сайна хIара бала бечул, паргIат массаьрга а дIаса а хьожуш Iийнехь гIоли ма дара суна…»

Амма тIелацам бина баьллера… цундела, схьахьажа олий, сих-сиха хабар тIе а доуьйтуш, дика ду олий, ас корта а таIош, дIабоьдура синкъерам…

Цигара дIасадохале кхин а цхьа керла хабар даийти: «Ван-кхача мегар дуй?» аьлла… ХIинца-м сихха сан маьхчех дагаели со… «Хьайн лаам бу-кх хьан» – аьлла, жоп вовшахтеси тхан «кхеташоно»…

ТIаккха, веана схьакхачахь, хIун ала деза ас аьлча, ала дезарг а хьийхи… «Дуьххьара веъча – ойла а йина, хIума дийр ду ала… Дуьненан синкъерамна дош, шозлагIа веъча, дала мегар ду… ТIаьхьалонах дерг хьайна хуур ду хьуна…»…

Иштта дIадирзира сан синкъераме яхар а… Амма... таханналц дIа а ца дирзина… Цул тIаьхьа хийла хаттар а кхолладели… Нагахь верхIитта шо хьалха… апрель беттан иттолгIачу дийнахь, гоьллелц ло а диллина… некъ юхахьа а баьлла, къовсадаларан метта синкъераме со ца нисъеллехь, муха нислур дара-те хIара дерриг а… Амма цу хеттарийн-хетарийн чаккхе ца хилар а… уьш дерриш эрна хилар а гуш ду-кх…

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG