ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петирова ПетIмат. Буьйсанан бере а, беттасин илланча а…


Петирова ПетIмат. Буьйсанан бере а, беттасин илланча а…

Юькъачу хьуьнхахула вогIучу цо дуьхьал нисделла генаш куьйга дIасатоттура… паргIат дIасахьожура… Массо а хIуманан тидам боккхура… Долахочун бIаьрг кхарстабора массо а метте… Сакхваьлла ладугIу… Цхьаъ хаало… ХIаъ… дехьа агIорхьа схьа ду и шах-шах… я мукъам бу-те и? ТIаьххьара дуьхьало – луьстачу диттийн гаьннаш – дIаса а теттина, гIулч тесча, хIара буьйсанан бере жимчу майдана волу… ХIаъ, хIинца схьакарий кхунна и… Беттасин илланча… Кхунна дукха хезнера и юьйцу… даго дукха ийзийнера и йолчу… ХIинца карий-кха… Говрара лаха а воьссина, тIевало… БIаьргашна гучух ца теша… ХIокху буьйсанан паналлехь, кху хьуьнан кIоргехь и йоцург кхин хIумма а дац… Илланча а, цуьнан мукъам а… СадаIар а дицдина, ладоьгIу беречо цуьнга… Дешнаш а къаьста…

– ХIинца сан ю-кх хIара буьйса... кху буьйсанан тийналла а, ло а... геннара сега серлонаш а, кхола а кхоьлина, кхин а ло гулдеш йолу стигал а... Iуьйре хиллалц сан ю... ТIаккха, Iуьйренца дуьне самадолуш, цуьнца цхьаьна гIовттур ду дезарш а, декхарш а... тIаккха юха а рогIера го... Амма хIара масех сахьт сан...

… Тамаше а ю хIара буьйса... инзара а... цуьнца цхьаьна тешаме а... ЧIогIа собаре а ю буьйса... цуьнца цхьаьна гергара а... Хьайна ма-тов дагарадийца эвхьаза а ю... Мел дукха ахь шега гIайгIа ялхаярх, дIаяда, чекхъяла сих а ца ло... Цундела еккъа цхьана буьйсане далхадо ма-дарра... цкъа а цхьаьнгга а далхор доцург... Цуьнан боданечу бIаьргаш чохь ахь дуьйцучух дог кхардар а, хьан гIайгIанах лазам а, байттамал а ца го... цундела дуьйцу цуьнга дагара... Ткъа буьйса-м шен парталчу боларца текхаш ю... Цуьнга, чекхъяла бохуш, дехарш ас а ца до... Мелхо а, Iуьйрено и къахкорна кхоьру-кх... Дукха аьрха хуьлу и Iуьйре... шен къоналлех бIобоьлла хуьлу...

Суна-м хIинца де Iехо ма Iемина... со цунна йоьлу... мел цо кецIаш яхь а йоьлу... Суьйренца а барт тайна сан... цунна моьтту-кх, сан шеца и тайна... Вуьшта-м, цхьа тудар ма дай динарг... цуьнга буьйсанца эмгаралла ца лацийта... Амма буьйсане маршалла даггара хотту... Меллаша дIадоккху юьхь тIера еларан пардо а... БIаьргийн йоза хьулда оьхкина кирхьанаш а дIасатотту... БIаьрзечу буьйсано йоьшур ма яц цу бIаьргийн йозанехь Iорайолу сингIайгIа... цуьнан гIуллакх дац и еша а, ган а... Уллера гича буьйсанна а кхочур ду цунах дакъа... ТIаккха и цунна яз ца ян дукха кIорге хьулъя езар ю... дийнан кхардамах ма-хьулъярра... Амма хIара буьйса а ма яц иштта суна ма-хеттара а... хIара а ма ю бабас ша ялале йина... Азаллин хеннара йолчу кхуо цхьадерг шена ца хезаш, ца кхеташ санна, тIех а ма тосу... кхана шех эхь хеташ, сан юьхь ца ягийта... Суна-м айса бен ца до моьтту и хIилла?! Цхьамма шена чу а ца тарделла охьаIанийнарг, юха карладаьккхича, цунна эхь хетар дуй а хууш, «дегалацам а ма ца хили сан-м, юха паргIат дуьйцур вай», – олуш, и дерриг а дIадайа хьайна бен ца хаьа моьтту хьуна? Буьйсанан а ду-кх и гIиллакх... Цундела еза и суна дукха а...

Цхьа биэн йоцуш а хеталуш, амма чIогIа тидаме и йолу дела...

Язъяла а ма ца гIерта... ша леррина сан дуьхьа еана бохуш, со несала а ца йохуьйту... Иштта, дуьххьалдIа ярхьама ша еъча санна, схьахIутту-кх... саготталлина араяьлча санна...

ТIаккха меллаша схьаоьцу соьгара мохь а...

Цу ларчин йозалло буьйсанан куьг дегийча а, сайн белш мелла а яйъелча а хаало суна, мел деза ду айса текхо дукъ... цуьнца цхьаьна гIеххьа дог а къовзадо... аьрхачу Iуьйрено къинхетамза, ша суна гIуллакхна тухуш санна, шен саьхьара бIаьргашца сан хьежар а лоьцуш, селхана хиллачу йозалло со охьа ца таIийна а хеталой, кхин а совбоккхуш и мохь сайна ги тухуш сурт дуьхьал а хIуттий... Iуьйрено со рогIерчу гоне лоллу сурт... «хIора стага шега дIабахьалур болу мохь лоцу тIе», – олуш, некъан дош а кхайкхош…

Амма буьйса маслаIат дан юлу... «ишта вон а яц хьуна и Iуьйре... жимма аьрха ю-кх... кханалерниг таханлерчул а къинхетаме хир ю...»…

Амма со Iеххол хIилла дуй-те сел хьекъалечу буьйсанехь а? Суна ма хаьа, цо и хIунда боху... тховса цо ца йийцича а, кхана цу Iуьйрено ша гойтур ма ю шен юьхь... ТIаккха, стенна оьшу цо питана тийса?

Корта а ластабой, сайн бохчи чу кхевда со... буьйсанна дан тамехь совгIат лохуш... дIасакегадо бохча... муьлхарг къастор ца хууш... забарш, довха дош, хилларг я хила тарло диканиг... я дегайовхо... муьлха къастор дара-те?

Амма сан хьомсарчу доттагIчо, буьйсано, юхадоккху сан куьг... «Ца оьшу... суна хIумма а ца оьшу... кхана-лама вайшиннал гIаддайнарг дуьхьалкхетар... цунна лур ахь... хьайна дита ца олу ас... хаьа, и эрна дуй...

Ма-дарра аьлча, вайша гIаддайна а дац...

Кхин хIумма а дацахь а, вайшиъ-х дай вовшийн...

Цул а, и бохча Iад а дитий, соьга ладогIахьа... Ас цхьа туьйра дуьйцу хьуна... хьан сатийсамех дуьйцина ас и... чIогIа сирла а хиллера хьан уьш... сайн буькъачу боданехь кхин къегам ца латош, цара лучу серлонехь вовшахтеси-кх ас и... дукха экама уьш хиларна вуно лерина а яьлли... цхьаццайолчу меттехь-м деккъа тилораш тIехь кхозура уьш... царех хьесий дехира ас...

Дицдале ала ас, хьо туьйрано Iехоле... суна уггар а доккха совгIат ду-кх хьан сох болу тешам а, буоберо ненан куьйге санна, мухIажаро Даймахке санна, хIу хаьдда висинчо гIорторе санна, ахь соьга сатийсар»…

Петирова ПетIамат нохчийн кхузаманахьлера байтанча ю. 1982-чу шеран чиллан-беттан 12-чу дийнахь Элистанжа юьртахь дуьнен чу яьлла Петирова ПетIамат. Циггахь кхиамца чекхъяьккхина юккъера школа. Доьшуш йолуш тасаделла цуьнан литературица гергарло.Лакхарчу классашкахь доьшуш йолуш йолаелла байташ язъян. Юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина яьлча, Нохчийн Республикин пачхьалкхан университетан филологин факултет чекхъяьккхина. 2006-чу шарера 2008-чу шаре кхаччалц «Книжни издательствехь» болх бира ПетIамата. ХIинца «Исламан зIаьнарш» цIе йолчу республикин газетехь коьртачу зорбанчан болх беш ю.

XS
SM
MD
LG