ТIекхочийла долу линкаш

Айдамирова Машар. Кешнашкахь кхеташо

ОьгIазлонах кхехка моха юхаетташ, амма хIокхул чIогIа оьгIазваханчу дех и гайта ца ваьхьаш, корта а таIийна ладоьгIура кIанта.

КIантана шен да воккхахилла, тиларчу вахана хетара. Дас шениг дуьйцура, хIора дийнахь, хIара цIа моссазза вогIу:

– Хьо даима а хьаькам лаьттар ву-м ца моьтту хьуна? Хьуна аьрзнаш деш, догIа санна боьлхуш суна тIе схьалела и мисканаш… Ахча бен кхин гуш хIума дац-кх хьуна… мах луш стаг ваьлча… со а вухкур вара-кх ахь!

Оццул хьасене, собаре, догкIеда волу хIокхуьнан да буххенца хийцавели-кх!

Цунна хIун хилла?

Шиъ гIат долу даккхий цIенош дина кIанта, амма хIокхуьнан да ша вийча а шен лаппагIи чуьра ара ца ваккхавели-кх.

Ма доккха хIума ду хIара да-м, шех цхьа боккха хIорд тарбелла цIакерчинчу хIокхунах дас бохучу бехкаша цхьа пхьидийн уьшал йи-кх!

– Тезеташка а хьо ца воьду, нехан дика-воне а, –-тIаьхь-тIаьхьа карзахвуьйлура да. – Тахана дIаваьлларг хьан ден шича вара хьуна…сан шича… цига гучу а ца вели хьо!

– Сан заседани яра… важни совещани…

– Хьан собраниш яц-кх цкъа а чекхйовлуш… луьстуш хIума а делара аша…цул эцца вайн кешнашка а гIой, цигахь е хьайн совещани. Керт ю йоьхна–яьржина, байнаш ду цу чохь дежаш лелаш…баьрзнаш хьоьшуш. Кешнийн хьоле хьаьжча хуур дара, хьо хIун куьйгалхо ву!

Эккха боллу корта гIайбех хьакхалушшехь наб кхийтира юьртдена.

Амма наб оззинчохь:

– ХьалагIатта, нах бу хьоьга хьоьжуш лаьтташ! – мохь беара лере.

– ХIун хилла? Мичахь? ХIунда? Стенгахь? Муьлш? – ша волччохь тохавелла, ца кхеташ, дIасахьоьжура иза.

– Заседани ю хьан… очередни… плинарни!

Кресло тIе кхоьссина галстук схьаэца дIакхевдира юьртда.

– Дита и «бантак», – сихвира дас. – Цигахь товш бац и муш!

– Мичахь?

– Кешнашкахь леринчу собранехь… Пес тилла коьрта!

Уггаре хьалха хIара цецваьккхинарг – адаман дукхалла яра. Кешнийн кертахь а, арахь а. Къона, къена.

– ХIахIани, нах, схьакхечи вайн Iедал!

– ВогIурволуш хилла хIара-м!

– ХIинц-м хеназа а дац…

– КIант-м хIумма а гIийла вац…ва и ша дустийна бежана санна…

– Хьаьвда ледара дац вай кIентан…

Гулделла адам дерриге а цхьатерра кIайчу духарехь дара.

«Ванах, хIара нах ХьаьжицIа баха новкъабевлла хирг хир ма бац?! Я рузбанан де ду-те тахана?» – ойланаш кегаеллера юьртден.

– Иза я важа а дац, – ойланехь кхолладеллачу хаттарна жоп делира юххехь нисвеллачу цхьамма.

Къаьрззина цуьнга дIахьаьжира хьаькам.

– ХIорш шаьш боьлхучу бахана бевлла! – тIаккха а хIара ца кхетча, къорачу стаге санна, мохь тоьхна: – ХIокху кешнийн бахархой бу хIорш!

– ХIун ду?

– Белларш бу! Белларш!

– Тахана перой апрель ду-кх… – велавала гIоьртира юьртда, – со леван дохку-кх шу!

– Апрель бутт чекхбаьлла дукха хан ю, тентак, кертахь яьлла буц ца го хьуна… хьун яьлла! – собар чекхделира вукхуьн.

ХIинца боккъал а кхеравелира хIара.

«Велла-кх со! Сийсара чIогIа корта лозуш…цIийн тIадам.. и «давлени» боху хIума хьалаяьлла… я дас холчуваьккхина … дог иккхина …кхалхар хили-те?! Кхана мидал лур ю аьлла а ма дара… дика болх барна…хIаъ…ордал ярий иза-м. И яллалц мукъа ваьхна хилла велара…да ма ватIарг! Оццул сатийсина хилла йолу! Со ца везачеран букъ каглуш хьожур вара-кх!»

– Мидалш, ордалш тахана оха лур ю хьуна, – юха а цуьнан ойла йийшира цавевзачо.

ТIаккха гулбеллачаьрга мохь туьйхира:

– Вежарий, вай делча вайн тезета хIотта ца кхуьуш, дукха къахьоьгуш ларийна вацара хIара вайн юьртда. Амма шен зама ю-кх массо а хIуманна. Дош хьоьга ду-кх, лараме …Iункарпаша!

– Сан цIе Хункарпаша ю, – нисвира иза Iедало.

– Хьо нисвелчахь нийсса йоккхур ю хьан цIе а, – хадийра вукхо.

Вист ца хуьлуш, бIаьргаш керчийна, эххар а:

– Охьаховша! – ала карийра собранин пирздателна.

Адам шайн-шайн баьрзнашна уллехь лахделира.

– Повестка хIун ю вайн? – хаттарца дIахьаьжира шен керлаваьллачу заместителе.

– Даима санна – пенси–менси, налог–цалог, жилье-жулье, иштта дIа кхидерш а, – довзийтира вукхо.

«Велла вацахь а, билггала хьераваьлла-кх со…»

Даима а хIокхуьнан ойланан хьалхе яьхна шера мотт, шалха шед бича санна, сецнера.

Ша хIун ала деза ца хууш, хIара кхин вист ца хуьлуш соцунгIа хилча, цхьамма дош дийхира.

– Селхана дуьйна соьга балхамаш беш бохку хIорш, доьгIуна…

Къамел дийриг цхьаннах тера хеташ, дикка хьажавелча вевзира – селхана дIаваьлла боху хIокхуьнан деншича Бига. Хьажахьа, мичча кхаьчча а шениг диталуш вац-кх – адам гулделчохь шен бала мел боцург дуьйцуш. Митингашкахь хIокхо мел кегийна худар хIинца а шелдалаза ду.

– Пенсица дерг аьлча, доьгIуна, иза каракхочуш дац хIокхарна, доьгIуна, эцца… цхьамма … – дукха лерина юьртдена бIаьра а хьоьжуш, – схьаоьцучух тера ду и кепек.

Гуонаха гIугI гIаьттира:

– Пенси схьаоьцуш санна и тхан налог а дIалуш елахьара…

– Ма доккха хIума ду-кх хIара да-м… велча а ца вуьту бохург…

– Аша-м и дуьйцу… суна повестка деана …суьде кхойкхуш…

– ТIе ма да хьо, хIоккхера суд хIинца а ерзанза ма ю вайн…

– ХIоккхерниг-м бакъо-нийсонца а хир яра…

Юьртда оьгIазвахара, чIогIа оьгIаз…вахана а ца Iаш, дарвелира.

Шен коьртара цIен пес дIаластийра, аьрру ког хьалхатесира, аьрру куьг хаьнтIе диллира, аьтту куьг хьалалецира. ТIаккха лен белира, тов, мIаьргонна кхаьбна, хIинца бастабелла шалго мотт.

– ДIасовцаел цкъа и шайн гIовгIанаш! Шу-м кешнашкахь дай! Дийначарна хIун дийр ца хууш лела со, шу а тIекхийти! Аша хIун юьйцу йийца а – пенси, налог. Оцу шайн яйначу тIаьхьене хаттийша и барт! Цара схьаоьцуш хир ду-кх шун пенсеш а…

– Цара и схьаоьцуш хилча, тхуна тIера сагIадоккхуш гучудер дара иза!

– ТIаккха, хIун дора цара цунах схьаэцна а? – цавашарца бат саттийра юьртдас. – Налогах дерг аьлча… дуьненчохь долуш шуьгара ца яккхаелла йолу ясакх… хIинца даха дог а дац!

– ТIаккха, тхоьга и кехаташ хIунда яздо?

– Шуна сагатлуш, шуьца долу гергарло дIатаса ца лууш! Тхуна елла-м план яй, хIуммаъ жима а йоцуш!– хьаькам шек дIа а вац. – ХIахIани, пенсица–налогца дерг къасти вай, амма и «жилье» бохучу хIуманах дика ма ца кхийти со?! ХIунда, дижа каш доцуш ду шу? Барз бац, чурт дац?

Бига юха а юкъавелира:

– ЛадогIал цкъа, вешин кIант, вижа каш доцуш цхьа а вуьсур вац…барз-чурт а… и дац хьоьга дуьйцург. Ша и партизанаш санна, схьатекхаш дукха адам ду кху кешнашка…тIаьхьарчу хенахь баларш алсамдевлла, – юха а лерина хIокхуьнан бIаьра а хьожуш, – хьуна хаийта дуьйцу ас иза. Хьуна тIе дукха заявленеш яздора вайн юьртан къедано, стаг дIаволла меттиг яц хIокху кешнашкахь, кхечанхьа цхьа меттиг билгалъяккхахьара бохуш… ахь ла ца дугIура… доьгIуна…

– Хьайн Делан дуьхьа, ма волалолахь хIинца, – куьйгаца хIаваъ цестира хьаькамо. – Юьртбахаман хьелаш тоде аьлла, Iедало елла план ю тхуна, охунна лело меттиг а ца тоьаш волу со, шуна цхьа гектар меттиг дIа а елла, Iойла ма дац сан!

– ТIаккха, Делан денна схьалесталучу обаргашна хIун до вай, уьш мичхьа дIатарбо?

– Идей! – цIеххьана дагадеанчо бIаьргаш серладехира юьртден. – Ялсамани яккха Iаламат хала ду, боху… молланаша дийцарехь, цу чу ваха цхьа а шанс яц. Индехь цхьана хIуманна дагош ду декъий… хIун бен ю и – хьалха я тIаьхьа вагавар?! И пиринцип йолор ю-кх вай а!

Амма беллачара къобал ца йира цуьнан «идей».

– Хьайна тIехь йолор ахь и хьайн пиринцип…

– Суна хаьа-кх, хIун дан деза, – борза тIехь цхьаъ меттаххьайра.

Берриге а цуьнга дIахьаьвсира. Иза даиманна а дIа ломахь колхозан уьстагIий дажош лелла волу жаIу вара, Идрис. Воккха забарча а, маттана ира а.

– Хьайн уьстагIийн цIога доцург, кхин хIума гина воцчу хьуна мичара хуур! Хьо вара хIинца со Iамо виснарг!? – кураллах Iена жима дог меттахделира юьртден.

– Алийта цуьнга ала луург, – резабацаран маьхьаьрий девлира гуонаха.

Идрис хьалхавелира.

– Суна-м уьш гина бен дацара, амма оцу уьстагIийн цIоганаш дагардийриг-м хьо вара. И хьайн гайн тIоьрмиг стенан дуьмех биллина моьттуш ву хьо? ХIахI, и дитира вай, сайна дагадеънарг довзуьйта ас шуна. ХIокху вайн юьртдас кешнашна меттиг яц боху, керт ян гIирс а. Дийна бисинчеран ойла еш, церан доладан лууш ву хIара. Иза чIогIа дика хIума ду, ткъа дикачу хIуманна тIехь вай накъосталла ца дича, нийса хир дац. Велла стаг вахвелла дIацавижарх а дац хIумма а –иза нийсса ира а хIоттийна, цIоьмалг санна, лаьттах таIо веза, меттиг кIезиг лацийта. И цхьаъ ду. ШоллагIа, керт ян дукха гIирс беза, – тIулг, дечиг, арматура… И гIирс вайна схьабелча, йолчу тIе а кризис хIуттур ю... яртийн дайшна. Цхьанна а хIуманна пайде а йоцуш, дилхан чалх охьаяьлла, басар–эмал хьакха а ца оьшуш, кIайъелла лаьтташ йолчу беллачийн даьIахках керт ян а мегар ду…царал онда гIирс хир бац. КхозлагIа, чарташна бохуш, и тIулгаш схьакхехьа а ца оьшу – эццахь, цхьа гIуркх буогIа а мегар ду…дуьненчохь йоккхучу ханна хийла адамийн цIуока ягош биттина хилла болу шога гIуркх!

Кешнашкахь белар иккхира.

– И хьан «идейх» долчух аьлча – хьо саннарш бац хIумма а кIезиг, багийча а мегаш ду-кх…оцу цIаро шу лайчхьана!

Юьртден собар чекхделира.

– Шу хIун дара суна а, со санначарна а ала-дийца? Дакъаделла Iапсарш шаьш ма-дарра! Ас дан деззарг дийр ду шух а, шуна тIаьхьа богIучех а… Цхьа а керт хIоттор яц. Ни-ка-кой керт вам! Бульдозар а ялийна…хьаьккхина дIашарйийр ю хIара шу питане пхьоьгIа. ДIаяздел и протокол тIе!

– Кхаж тасийта цкъа, сих ма ло! – аьрру агIор цхьаннан ца девза аз хезира хьаьсарта ваханчу хьаькамна.

Цуьнга дIахьажавелча, бага гIаьттинчохь висира иза – хье тIехь ирхйогIаелла ши маIа а йолуш, карахь ловзош деха цIога а долуш цхьа маьттаза экха дара уллехь хиъна Iаш.

– «Голосовать» де бах ас, – деган доттагIчуьнга санна, эвхьаза, масийтта бос хуьйцу бIаьрг таIийра цо хIокхуьнга. – Со дага ца догIу хьуна? Даиманна соьца дагавуьйлуш, ас боххург деш дIалелаш ма вара хьо?!

– ШайтIа Иблис!

Деларехь кIаждахара и цIе яьккхинарг:

– Кхаж диканиг ца бели хьан, доттагI! Вало, цIе летта, кийчча ю вайшиннан! – юхагIерта юьртда шен нуьцкъалчу пхьаьрса кIел а воьллина, дIатаьIира цIеранда.

ЦIеран алу хааелла, кхеравелла Iадийначу хьаькаман мохь-цIогIа делира:

– Ва-а, нах, ма вигийтийша со! ГIо дейша суна!

Орца баьхна йиш хаьллачохь, ден мохь беара лере:

– ХIай, кIант, хIай! Ахь хIун до, гай яьтIча санна, цIогIа хьоькхуш!?

Халла бIаьргаш схьабиллира, амма дегI хIинца а дара тхьуздоьлла, лацаделла.

– Самавала!

ТIехIоьттина да кIурзаша вуьзна вара.

Ца кхеташ, дега хьоьжура кIант.

– Дада, хьуна хIун хилла?

ГIелвеллачу дас хьаьжа тIера Iаьржа хьацар дIахьаькхира:

– Кешнашкахь цIе яьллера…цхьамма такхорах цIе йиллинчух тера ду. И дIаяйа берриге а юьртахой баханера… цхьадика… дукха зен-зулам ца хили…

Хезначо инзарваьккхинера хIинцца самаваьлларг.

– Дада, иза сох яьлла цIе яра хьуна, – корта лецира цо.

– Хьо хIун юьйцуш ву, кIант? – ца кхеташ, лерина цуьнга хьаьжира воккха хилла да.

ХIаъ, хIокхунна воккха хилла, тиларчу вахана моьттина да!

– Дада, со хIинццалц Iункарпаша хиллехь а, кхидIа Хункарпаша хир ву сох!

Цхьана хIумнах кхетавоьлла да, догдика велавелира:

– Iункар-Хункар хила а ца гIерташ, адам хилахьа, кIант! Цул йоккха цIе яц-кх хьуна… доккха дарж а!

Айдамирова Машар нохчийн яздархо ю. Иза йина 1963-чу шеран 8-чу мартехь. 1991-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн университетан филологин факултет. Иза гоьваьллачу нохчийн яздорхочун Айдамиров Абузаран йоI ю. Иза Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ю.

XS
SM
MD
LG