ТIекхочийла долу линкаш

ДАIИШ-ан тIемалойн карахь бIеннаш нохчийн бераш а, зударий а бу боху Нохчийчуьрчу полисхочо


Гергарчу малхбалерчу а, Европерчу а зорбанан гIирсаша тIаьхьарчу деношкахь хаамаш бо Иракъехь а, Шемахь а тIемаш боьлхучу меттигашкахь дуккха а нохчийн бераш а, зударий а бу бохуш. Иза тIечIагIдо Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллерчу хьастано, хаам бо «Кавказский узел» сайто.

Полисхочо дийцарехь, цунна масийтта зуда евза, карарчу хенахь Иракъехь а, Шемахь а хила мегаш йолу. Царах цхьанан Иракъехь дина кхо бер ду, ткъа вукху зудчун 2 бер ду бохуш чIагIдо цо.

XS
SM
MD
LG