ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саакашвилин боламан декъашхоша майдане кхайкхина шайн агIончаш


Саакашвили Михаилан "Рух новых сил" боламо дуьхьалонан акцt кхайкхина шайн агIончаш. Уьш реза бац Iедало дIахьочу политикана.

Саакашвилин агIончаша билгалдоккху шайн акци цунна гIортор ян Iалашо йолуш вовшахтухуш цахилар.

Кхаариндийнахь Саакашвили Михаилера дIадаьккхина цунна Украинан махкахо хила бакъо луш долу кехат. Меттигерчу ТСН хьасто бинчу хаамца, Саакашвили Украинан махкахо волчура дIаваьлла, ша кечдинчу анкетехь харц информаци яларна.

2015-чу шарахь ша кечдинчу кехаташна тIехь цо хаам бина хилла шена дуьхьал схьадиллина цхьана а тайпа бехктакхаман гIуллакх дац аьлла. Ткъа хIинца Саакашвилина бехке диллинарг ду Гуьржийчохь, иза дуьхьал а воцуш, лаьцна аьлла Iедалша сацам бина хилар.

Украинин махкахо хилар шега дIадаьккхинчул тIаьхьа Саакашвилис дIахьедар лина, ша кхин дIа а къийсам дIахьура бу, махкахь реформаш хилийта аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG