ТIекхочийла долу линкаш

Айдамирова Машар. КIайн нускал

– Вай маца хир ду-те нахах тарделла дехаш!? Буьйсана Iуьйренга довлахьара, Iуьйрана суьйренга довлахьара, кханалерчу дийно хIун дохьур-те бохуш, палтуьйсуш, дIадолуш ду-кх хIара дахар… хIа..!

Тишъелла машен ца леташ, глушитело «ахIи-ахI-ахI-ахI» деш, цунна чу са даийта гIерташ, шен ма-хуьллу хьийза шопар, резавоцуш, цуьнга хьаьжира.

– Делан дуьхьа, ма йолалохьа хIинца, ишта а бу сан кийрахь бала! – дуькъа сирделла цкъоцкъамаш дусийра Iаламата.

– И-и-и, сонта жималла, хIинца долу хьекъал хиллехьара! – къоьжа корта ластийра Дешис. – хIара сан бIаьрса-м жима йолуш дуьйна ца хиллий лартIехь… Iаламат цIе йолчу стаге йоьду хьера ца яьлларг?!

– ХIа-а, хIинца сан цIарна коча еа! Цунах хIун Iоттадели-те!?

– Оцу хьан цIаро цхьа Iаламаташ гойтур ду моьттуш Iехаеллера-кх!

– Велла вала со дела-I, ахь дийцарехь, цIаро цхьаъ дан дезаш хилча, хьан цIаро-м, тIаккха, кху кертахь деши компани кхоьллина хила ма еза! «Iаламат дукха Деши» цIе а йолуш…

– ХIай-хIай, «Къеллин Iаламаташ»! – бат саттийра зудчо. – Ма доккха хIума ду-кх хIара, суна хьакъ доллу дахар-кхоллам ца хили-кх сан! Ма хаза яра со, ма товш… хьалдолчу бух тIера… – ша-шех дукха къахетта, елхар а иккхира зудчун.

– ТIаккха, хьо елха дезаш хьал дац, йоккхаеш хила еза, – велавелира хIусамда. – ЧIогIа «повезло» хилла хьуна!

– И бохург хIун ду?

– Делехь боккха къинхетам хиларна, адамаша леточу къиношна царна хила ма-деззара шен хьакъ дIа ца кхочу бохург ду-кх.

– ХIаъ, вела хьо… хьан воьлийла ма ду, – майрчун самукъадаларх ца кхийтира зуда. – Хьо ву бехкениг… сан дахар къахьдинарг!

– Хьан декъазчу дахаран бехкечунна мийра бетта йиш хилча… хьо а гIатталур яцара-кх, – воьлучура юха ца верзалора Iаламат. – Хьан виран амал ма ю хьо дакъазаяьккхинарг!

Иштта дIайолаелира оцу дийнахь и хаза Iуьйре.

ХIара шиъ дуьххьара захалшка хьошалгIа даха новкъадаьллера – жимахволчу кIантана зуда ялийна, хIинца кхозлагIа марда-марнана а хилла, зудаялоран гIиллакхаш дерзош дара и шиъ.

– Зуда, и хьайн ирачу меттан доладелахь тахана мукъа а…

– Соьгара хIун даларна кхоьру хьо?

– Дера кхоьру, вайн захалш хьох ца кхетарна… цхьа Iоттар ца йича хьо мегаш ма яц!

– Вайна реза ца хилахь и шайн… йоI аьлча а… и шайн набаран тIоьрмиг цIахь сацор бен, кхин хIумма дийр дарий цара?!

Машенаш некъа йистехьо гIоьртина севцира.

– ХIун ду цу новкъахь хилларг? – машен чуьра корта арабаьккхира Iаламата.

– «Пробка» ю.

– Авари-м ца хилла?

–ХIан-хIа, цхьана хьаькаман нус ю боху гучуйоккхуш… церан машенашна некъ мукъа бита боху…

– Дависа хьо делаI, и аьттонаш болу нах кеманашца лелаш мукъа а белахьара, царна а атта хир дара, вай а маьрша…

Халла дIатийна Деши юха а карзахъелира:

– И сийна стигал ца тоьаш, къуьйсуш, авареш а еш, вайн коьрта тIе оьгур бара-кх уьш тIаккха а! Дала дIаэцарш!

ХIорш эххар а дIакхечира.

Захалша дукха лерина, сийдина , комаьршша охьадиллинчу шуьне ховшийра керлабевлла гергара нах. Божарий-м башха хабарна тIера а бацара, эцца хьал-де а хаьттина, шен декхар чекхдаьлла лерира.

Зударийн къамел тасаделлера.

Дешис шен кIант хестош, захалша шайн йоIах малик тардеш.

– Милана жима йолуш дуьйна къастийна ю-кхи тхан, – дуьйцура несан нанас. – Шен йоккхахйолчу йишех, Моникех, чIогIа и тера хиларна… И яллалц дукха яхарг… тера ю аматашца, амалца… ша тап-тера…

– ВаллахIа ю-кх , дIадаккха-тIетоха хIума доцуш-м, – тIетайра Деши а.

– Ойн, хьуна евзара Моника? – цецбевлира зударий.

– Ца евзара, амма и шен йиша санна елла хIума ю-кх и сан нус а!

ОххIай, цул тIаьхьа хилла къематде дийца а хуур дац.

Ша-ша ала гIерташ, хьоькху маьхьарий, зударийн цIогIа, чоь эккхал гIаьттина гIовгIа.

Цхьадика, «ахIи-ахI-ахI» доцуш, машен сиха дIаэккхийта ларийра Iаламат.

ХIусамда оьгIазваханера зудчунна.

Оццул ша туьйсина йоллушехь, шениг ца дити-кх цо!

ГIам ша ма-дарра!

– ХIахI, туьйлин хьо? Iебин?

– Хьайн ши мекх тодехьа цул… – Деши шен коьртара йовлакх нисдеш йоллура.

Куьзгана хьажавелча, боккъал а, дозаллийца хьалахьовзийна ши мекх охьаолладеллера.

Iаламат кхин а ирхъиккхира:

– Ахь дукха юхьIаьржахIотторна, тIехь дика а лаьттина хIорш-м… охьа ца эгаш… со Iовдал, алахьа, хьо ца евзаш санна… хахкавелла схьавеана волу. Цкъа цIа кхачийта ахь… ас йийр ю хьуна хьан болх!

Зудчунна и кхерам тоссушехь, машен ша йолччохь иркхоссаелира.

– Хьо хIун дан воллу, хIай накъост, хIай? Хьан бIаьргаш мичахь бу… некъ ца го хьуна… сан машен…приора…селхана эцца йолу… теттина ахча делла… сан дозалла… сан сий дайа гIерта хьо!!! Со мила ву ца хаьа хьуна… ас хIинцца хIокху Делан сохьта милице… полице…ас хьан ворхIе де букъ тIехь къематде хIоттадо-кх! – мохь-орца делира хьалха нисъеллачу машен чуьра схьа.

Цу чуьра араиккхинчу шопаран мекхаш цхьаъ хьаладирзина, важа охьадирзина дара – сахьтан цхьамзанаша ялх сахьт гайтарехь.

– ХIахI, хIинца цо йийр ю-кх вайшиннан болх, – неIарх тасаелира Деши.

Iаламата доккха садаьккхира.

Iуьйренца дуьйна дацара хIара де хIокхунна тайна.

Да ма ватIарг, муха Iотталур вара оцу «Приорина» тIе. Цуьнан да ледара стаг волчух тера ду – собар дац, вохьа-хьем.

Хьераваьлларг санна шен машенна гуотуьйсуш, багара ара туйнаш кхиссалуш, маьхьарца Iоьхучу шопарна хьалха бехкалавахана, вистхила гIертара йиш йоьхна Iаламат:

– Делан дуьхьа, ма ца хууш хили-кх хIара… хьайн Делан дуьхьа вала-кх суна къинтIера… хьажахьа …цхьадика…оццул дукха хIума ца хилла… Делан къинхетам…

– «КIеззиг хIума бен ца хилла» –тов, – ша волччохь ирхъиккхира приоран да. – ХIара-м «с нуля» яй, ца го хьуна… и кIайн нускал санна!

– ХIинца «юьззина зуда» хили-кх оцу хьан «кIайчу нускалх»! – хаьнтIе ши куьг а диллина, дIахIоьттира Деши. Дов даьллачохь, хи чохь чIара санна, хуьлура иза. – Ахь хIун до и цIогIа хьоькхуш, мера кIел ши мекх латийна?!

– ХIахI, делахь, хIара «заьIап зуда» шайна а йитий, суна кхин керла «нускал» тардер аша, – машенан догIанаш схьакхиссира вукхо. – Сан цIе Турко яц-кх хьуна, шуьга иза охьа ца йиллийтахь! – некха тIе пIелг беттара цо.

– ЧIичI ду иза а, – яша а ца ешира зуда. – Оха хьуна кхин «нускал» а тардина, ахь хенахь доьзал болабахь, ас тамаш бо-кх!

Дог доьхначу цIийндена кIордийра церан яппарш:

– ДIасацае и хьайн бат! Хьада яло, машен чухаа, хьайн гIуллакх доцург дитий! – човхийра цо чхьагъяьлла хIусамнана.

ТIаккха Турко цIе йолчуьнга маслаIате вистхила гIоьртира:

– Хьо сан кIентан хеннара ву, Турко, цкъа сих ца луш, вайна юкъахь барт хирриг дийр дара-кх вайшимма… хIара сан, машен аьлча а, аьчкан къечIалг, йоьхкича а хIара «селхана эцца…теттина ахча делла…кIайн нускал» суна такхалур дацара…

Iаламат ала гIертарг вукхо чехдаккха а ца витира:

– И сан бала болуш хIума дац!

Цкъа а чаккхе хирйоцу дов юкъахдаьккхира керлаяьллачу «Мерседес» олучу машена чуьра охьавоьссинчу къоначу стага. Некъа йистехь хьийзо миска а гина сецнера иза.

Дерригенах кхетта ваьлча, бехк боккхуш, приоран дега хьаьжира:

– Оцу хьан машенна оццул хилла хIума а дац, хIара воккха стаг ахь хьийзаваллал. ДIавахийта иза, ас сайна тIелоцу ерриге а харж!

– Суна иза а мегаш ду-кх! – паргIатвелира важа.

Iаламат ша хIун дийр ду ца хууш, дIасахьийзара.

– Делан дуьхьа, жима къонаха, суна ма бегIийла доцуш нисдели-кх хIара гIуллакх… Хьуна иштта зен муха дийр ду? Хьо мила-хьенан ву мукъа а дийцахьа.

– ХIун бен ду хьенан-мичара хилар, дада, нохчо хила гIерташ къахьоьгуш воллу-кх со!

Моха кхуссуш, эццахь шен приора юхаерзош воллу Турко, галваьлла, вахана дIакхийтира «Мерседесах».

Тапъаьлла тийналла хIоьттира.

Турко машен чуьра арахьажа а ца ваьхьаш, вахьийна, вогIавелла Iара, «кIайчу нускалан» руль мара а йоьллина.

«Мерседесан» да, гIадвахана велавелира:

– Турко, тахана пхиъ миллион дIаделла «эла» валош вогIура со… ХIинца и хьайн «кIайн нускал» цунна а дерзош, доккхачу тойна кечам бер-кх ахь!

Деши ша йолччохь хелхарехь сеттира:– Ва-а-а, Турко, дIалаца хьайна, нускал маре доьду хьан!

Айдамирова Машар нохчийн яздархо ю. Иза йина 1963-чу шеран 8-чу мартехь. 1991-чу шарахь цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн университетан филологин факултет. Иза гоьваьллачу нохчийн яздорхочун Айдамиров Абузаран йоI ю. Иза Оьрсийчоьнан яздархойн бертан декъашхо ю.

XS
SM
MD
LG