ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхоша нохчийн зударшца лелийнарг толлур ду Воронежан МВД-н куьйгалхоша


Воронежехь бераца хилла нохчийн къомах болу зударий полисхоша дIалацар толлур ду меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхаллан куьйгалхоша.

Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу зрбанан гIирсаша.

Юкъараллехь вуно йоккха гIовгIа эккхийтина еариндийнахь Воронежехь хилларг бахьана долуш. Социалан машанашкахь яьржинчу видео тIехь гуш ду, гойтуш бакъонан кехаташ а доцуш, уьш гайта аьлча а тидам а ца беш, нохчашкара кехаташ гайтар доьхуш хилар.

Цу нахах цхьаъ тIелетта ша телефонаца видео тIе воккхуш йолчу зудчун, цунна ницкъ бан гIерташ.

Гонахбевлла шовинистийн маьхьарш детташ бу меттигера бахархой-баккхийн зударий. Девна юкъагIоьртина цу шина зудчун гергара стаг лоций машен чухааво, полицин духар доьхна стаг хьалха а волий.

ХIинца «Блокнот Воронеж» сайто дийцарехь, Воронежан кIоштехула йолчу урхаллан куьйгалхоша таллам бийр бу полисхоша низам дохийна хила мега бохург билгалдоккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG