ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Макканна тоха хьажийна ракета чуяийтина СаIудийн эскархоша


Маккана гергахь Йеменера хецна балистикан ракета чуяийтина, хаам бо Франс Пресс агенталло, Iаьрбийн коалицин эскаран буьйранчаллана тIе а тевжаш.

Балистикан ракета эккхийтина Маккана 69 километр гергахь.

Коалицино бехке бина и ракета хецарна шиIатийн-хуситийн гIаттамхой. Цара цу тайпа тIелатар дуьххьар деш дац. Иштта, Стигалкъекъа-баттахь СаIудийн эскархоша чуяийтира Эр-Риядана тIе хецна цу гIалана улле кхаьчна йогIу ракета.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG