ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьмсехь хенаш кхайкхийна Кадыров вен дагахь хиллачу нахана


Ямадаев Iийса.
Ямадаев Iийса.

Гуьмсерчу кхело шен сацам бовзийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна тIелатар кечдаран хьокъехь лецначу нахана кхел а йина, хаам бо "Росбалт" агенталло.

Кхаа стаганна 6 шо 6 бутт набахтехь яккха хан тоьхна хIоранна а.

Росбалто дийцарехь, шаьш Кадыровна тIелатар муха кечдина а, герз мичахь хилла а, хIун дан дагахь шаьш хилла а дуьйцуш галморзух бовлуш хилла лецнарш. Цундела яхйелла хилла суд.

Цара, Ямадаев Iийсан хиллачу гIаролхочо Альвиев Iаьзиза а, «Восток» батальонан эскархо хиллачу Закараев Беслана а, цуьнан лулахочо Магомадов Шамхана а, даре дина шаьш бехке хилар. И бахьана долуш церан гIуллакх ша къастийна суьдо.

Кадыров вен веза аьлла омра делла волчу Ямадаевн гIуллакх ша къастор долуш ду. Иза дIаделла Оьрсийчоьнан тIеман министраллан органашка.

Ямадаев Iийса Кадыров вен дагахь хиларх лаьцна тоьшаллаш динера Альвиевс а, Закараевс а, Магомадовс а. И нах лар йоцуш байнера 2016-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь, ткъа официалан кепара уьш лецна хилар кечдинера талламхоша 2017-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG