ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн Iедало байинчех керла хаамаш баржийна журналисташа


Нохчийчохь йина кхел а йоцуш динчу таIзарех керла тоьшаллаш гучудевлла. Амма меттигера Iедалхой шаьш адамаш дайар къайладахьа гIерта, и буьйцу нах Шемахь тIемашкахь бу а бохуш.

«Новая газетано» зорбане даьккхинчу тептаршкара шаьш байинчу нехан гергарнаш полицин дакъошка а кхуьйлуш, кхерамаш а туьйсуш, кехаташна буха куьйгаш яздайтуш, церан паспорташ схьадаьхна. «Новая газетан» журналисташа Iорабаьхна и хаамаш.

Цара бахарехь, Шема дIакхачийна хила тарло оцу байинчийн телефонаш а, цигара схьа зIе хилийта, цигахь и нах хилар чIагIдархьама.

Газетан журналистийн каракхаьчна Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло полисхошна тIелатар дина аьлла, шеконашкахь латточийн суьртийн ксерокопеш. Цу тIехь билгалъяьхна ю кхел ца еш байинчу нехан цIераш.

Газетан талламашца, стохка Iай полисхо а вийна, цуьнан машен ядийна масех жимстаг вийра Iедало. ТIелатар динчех лазийна висина 3 караваханера. Суьрташ тIехь бу уьш: Бергаев Исмаил, Юсупов Сахьаб, 18 шо долу Шахбиева Мадина а. Мадинин суьрта дуьххьал язйина ду: "ГIалин 9-чу дарбан цIийнехь елла 2016-чу шеран ГIуран-беттан 22-чу дийнахь".

«Мемориалан» хаамашца, йоI дийна а йолуш дарбан хIусамера дIа а йигина цуьнан гергарчара шаьш йина хилла.

"Би-би-си-н" журналисташа шайгара бинчу талламашца, Къилбаседа Кавказерчу Талламан комитето цкъа а чуоьцуш ца хилла, шайн байначарех бахархоша ден дхьахьедарш.

«Новая газетано» бахарехь, ГIура-баттера Дечкен-батте кхаччалц Нохчийчохь дIалаьцна 200 гергга вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG