ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ганнушкина: Нохчийчуьра спорт Кадыровн пиар ю


Iамеркан журналистна Скотт Дэвидна Кадыров Рамзана еллачу интервьюх дийцаредеш, бакъонашларъярхоша Ганнушкина Светланас а, Борщев Валерийс а аьлла, Кадыровс спортана тидам тIебахийтар, шен Iедал чIагIдархьама лелош ду.

Вовшахлатаран спорт гIараяккхарца пайдаоьцу цо ницкъаллийн структурашка нах тIеийзорхьама, билгалдоккху Рощин Михаила а.

Кадыровга хеттарш динчу Iамеркан журналисто Нохчийчоь "уггар а кхераме мохк бу" аьлла, ша кхаьчначу пачхьалкхашкашлахь. Цунна хетарехь, меттигерчу Iедало спортана оццул гIортор латторан Iалашо ю, Нохчийчуьра полисхойн дакъош чIагIдан гIертарца.

Нохчийуьра спорт Кадыровн а, цуьнан рожан а пиар ю аьлла Ганнушкина Светланас а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG