ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь гейш хIаллакбо церан гергарчара аьлла ЛГБТ-н юкъаралло


ЛГБТ-жигархойн акци, Петарбух
ЛГБТ-жигархойн акци, Петарбух

"Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанаш" юкъаралло "Новая газетан" леринчу корреспондентца Милашина Еленица кечйинчу рапорта тIехь яздо, Нохчийчохь гейшна тIехь ницкъ латтош, уьш бойуш бу шайн гергарчара, Iедало тIедожорца аьлла. "Кавказан узел" агенталло хьалхо яздарца, Охан-баттахь "Новая газетано" хаамбира, Нохчийчохь гейш бу бохуш, бехке а беш, лаххьийна лоьцуш, божарий хIаллакбеш хиларх. Иштта дуьйцура къайлах чохь нах латтош Устрада-ГIалахь гейн набахти ю аьлла а. Журналистийн материалш провокаци ю аьлла дIахьедира хIетахь Кадыров Рамзана Путин Владимирца хиллачу цхьанакхетарехь.

ЛГБТ-н декъашхошна тIехь Iедало Iазап латторах рапорт арахоьцуш тидаме эцна цара 33 Нохчийчуьрчу вахархочун тоьшаллаш, яздо !Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машанаш" юкъараллан сайта тIехь.

!Дуьххьара Зазадоккхучу-баттахь Нохчийчуьра орца доьхуш хаамаш кхечира юкъараллан жигархошка. Цхьана беа баттахь 130 вахархочо орца дехна цаьрга. Цара хаамбора, Iедалхоша я шайн герарчара кхерамаш тийсарх, шайна уьш тIаьхьабевлла леларх.

Юкъараллан жигархойн каелира 64 стаг оцу регионера ара а ваьккхина, Оьрсийчохь маьршачу хIусамашкахь уьш дIатарбан", яздо Къилбаседа Кавказехь ЛГБТ-н декъашхошна тIехь латточу харцонех рапорта тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG