ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчаша сатийсина филм гайтина Венехь


Вежарий ЗагаевгIар, филман авторш
Вежарий ЗагаевгIар, филман авторш

Белгерчу нохчийн кегийрхоша яьккхина „Герз даларан йилбаз мохь“ цIе йолу фильм гайтира Венерчу Аполло кинотеатрехь. Лерина нохчийн диаспорерчу нахана иза гайтархьама Австрин коьртачу шахьаран тоьллачех йолчу кинотеатрехь 200 стагана лерина зал лаьцнера Брюсселера баьхкинчу филман авторша.

Кино хьовса баьхкинарш
Кино хьовса баьхкинарш

Кино яьккхина волу режиссер Загаев Мовсар а, цу чохь коьрта рол ловзийна волу Загаев Мохьмад а, цу ленти тIехь болх бинчу тобанера нах а бара Вене баьхкина.

Меттигерчу кинотеатрехь Европерчу нохчаша дуьххьара шайн ницкъаца яьккхина филм гойтур ю аьлла хазаро Австрехь бехаш болу дукха нохчий гулбинера мукъадийнахь Аполло кинотеатрехь. Кегирхой а, божарий а, зударий а- массо а хаза кхаъ хилла а, цу филме хьажа хьаьгна а бара.

Венерчу кху кинотеатрехь гайтина филм
Венерчу кху кинотеатрехь гайтина филм

Филман чулацамах лаьцна аьлча, Нохчийчохь а, Белгехь а дIайоьдуш ю цуьнан сюжет. Ткъа йоллучу филман маьIна, цуьнан коьрта Iалашо – иза нохчийн къонахийн цхьа во тIехIоьттича вовшашна орцах бовлар а, доттIагIаллин сийлалла гайтар а, нохчийн чIир екхаран Iадат гайтар а ду.

Ала догIу хIетте а, режиссеран а, филм яккхархойн тобанан и Iалашонан боллучу барамехь кхочуш ца хилла, хетарехь, церан киноисбаьхьаллехь доккха зеделларг ца хиларна а, сюжетан гIийла агIонаш бахьана долуш а, ткъа иштта нохчийн хьовсархошна гергара а, кхеташ а долу хIумнаш Европерчу хьовсархошна хийра а, акха а хета там хиларна а.

Къаьстина гуш дара иза филме хьевсинчул тIаьхьа хьовсархошна юккъехь доккхах дакъа хиллачу зударийн ойланашка ладоьгIча. Царна „Герз даларан йилбаз мохь“ филмо бина тIеIаткъам вуно дикчунна тIера вуно негативечу кхаччалца баьржина бара.

Маршо Радиоца шайн хиллачу къамелехь царех цхьаболчара довзийтира кинох лаьцна шайна хетарг.

Заурбекова Малика филм чIогIа хазахеттачех ю, шена ша Нохчийчохь нисйелча санна хийтира бохуш дийцира цо цу кинога хьожучу шина сохьтехь.

"Амма чIогIа хаза бина болх бара"

Заурбекова: „Суна чIогIа хазахийтира иза. Бакъдерг аьлча, со кхуза йогIучу хенахь иза иштта дика хир ю аьлла хеташ ца еънера со, уьш профессионалаш боцийла сайна хезна дена. Амма чIогIа хаза бина болх бара. Церан вовшашка бистхилар, уьш вовшашна орцах бовлар, гIиллакхе хилар, и цу чуьра турпалхо къинхетаме хилар, цо шен чIирхо бераца гича цунна герз ца тухуш иза Iер- суна чIогIа тайра и дерриге а“.

Сатуева Маликас Белгера филм яьккхина болу нохчийн кегирхой хастийра цкъа хьалха, цара и болх боллане а дIаболорна а, царна киноисбаьхьаллийца нохчийн къам гайта дагдарна а. Делахь а, цхьа могIа кхачамбацарш а хийтира шена элира цо.

"Сайга хаьттича ас и филман чулацам мелла а кхечу агIор хуьлуьйтур бара."

Сатуева: „Кино хьажа со йогIучу хенахь сан йоккха дегайовхо яра, иза бахьана долуш кху бухарчу бахархошна а, вайнаха а юккъехь юкъаметтигаш тоеш, вай вовшех кхетош хир ю-кх иза аьлла.

Сайга хаьттича ас и филман чулацам мелла а кхечу агIор хуьлуьйтур бара. И чIир мел хала ю цара гайтар дика хийтира суна, амма вайн къомалахь бехке волу стагна а тIаьхьа гечдеш хилар а, вайца и къиинхетам хилар а ган лаьара суна, амма иза суна цу чохь ца карийра“.

„Герз даларан йилбаз мохь“ филм танне а ца тайнарш а бара хьовсархошна юккъехь. Умарова Заремас актерийн болх лакхарчу тIегIанна тIехь хийтира шена бохуш дийцира, амма сюжет даима а гойтуш герз а долуш, низамехула йоцу шаьш кхел ярх лаьцна яра, ткъа иза шена ца тайра боху.

"Суна ирча сурт хийтира иза“

Умарова: „Суна артистийн ловзар дика хийтира, дешна Iамийна боцушехь, чIогIа дика левзира уьш. Амма сюжет чIогIа хала яр, бакъдерг дийцича, массо а вуьш вара, герз дара, къизалла яра. Суна ирча сурт хийтира иза“.

Филм чекхйаьлла, цIабаха новкъа бевллачу цхьаьна хьовсархойн тобане а хаьттира Маршо Радионо царна хетарг.

Хьовсархойн тоба: "Цу филман чулацамехь суна цхьа хаза цIена нохчийн безам ган лаьара…"

"Нанас шен кIанте бекхам бе элира, иштта хIума сайна тIеIоттаделча, со хIуъу дина а сайн важа кIант а ца вуьш, и хIума дерзийта хьожур яра, делахь а, наной а тайп-тайпана бу, ишттаниш а хуьлу…"

"Вайн къомаца долу кхиндолу хаза хIумнаш гойтийла лаьара"

"Шаьш рогIера филм йоккхучу хенахь цара вайн къомаца долу кхиндолу хаза хIумнаш гойтийла лаьара, дан ма ду вайн дуккхаъ а дика хIумнаш… Къона бу уьш, тIаьхьа йоккхург кхин а гIолех хир ю, Дала аьтто бойла церан!“

„Герз даларан йилбаз мохь“ Белгерчу Еврочеченс тобанера кегийчу наха шайн ницкъаца, шаьш киноговзаллин баххаш а Iамийна, шерашкахь хазнеха санна къа а хьегна яьккхина филм ю. Кхеташ ду, и церан а, церан хилла ца Iаш, Европехь бехачу нохчийн массеран а дуьххьара цу исбаьхьаллехь болх буйла а, цуьнга хьаьжжина цу чохь кхачамбацарш а, гIийла агIонаш йоцуш а хила йоцийла.

Амма цу филман уггаре а боккха кхиам, цкъа делахь, иза янне а Загаев Мовсаран тобано яккхар, ткъа цул тIаьхьа цу филмехь цхьа дош оьрсийн маттахь доцуш, иза цIенчу, хазчу нохчийн маттахь яккхар бу.

Иштта хьахон догIу, цу чохь ролаш ловзочарна юккъехь цхьа а профессионалан актераш ца хилар тидаме эцча, и ролаш цара вуно говза ловзийна хилар а.

Ткъа сюжетан гIийлалла я кхиндолу кегийра кхачамбацарш хенан йохаллехь, керла-керла филмаш цу тобано мел йоху а дIадевр долуш хетало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG