ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Умаров: Оцу нахаца профилактикан болх бина


РБК агенталло хаамбарца, Нохчийчуьчурчу Iедална хетарехь, "Новая газетано" Iорадаьхначу Соьлжа-ГIалахь байинчу нахах тоьшаллаша-тептарша цхьа хIума а ца гойту. Зорбан министро Умаров Джамбулата дIахьедо, оцу тептаршкахь болчу нахаца ницкъаллийн структурийн белхахоша профилактикан белхаш дIабаьхьна террорхой ир-кара хIиттораш гучубахархьама аьлла.

Умаровс бахарехь, 99 процент кхетош-кхиоран болх бу - оцу нахе дIакхачор, шен махкахошлахь лелхийтарш даррий, террорхойн интересаш бахьанехь тIемаш баррий жихIад доцийла.

Оршотдийнахь "Новая газетано" зорбане яьхна нохчийн полисхоша хIиттийна суьртийн ксерокопеш. Цу юкъахь бу Iедало лецначарех хаамаш.

Газетано чIагIдарехь, оцу тептарера 17 стагна тоьпаш тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG