ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зорбанхошна гIо деш хилла дневникаш юхкург


Нохчийчуьрчу дешаран, Iилманан министраллан векало хаамбо, кIоштан дешаран декъан белхахо гIо дан лаам болуш хилла бизнесхошна, цара арахецна «Ахмат» клубан логотип тIехь йолу дневникаш юхкуш. Хьалхо Ватс апехь дIасаяржийра меттигерчу типографехь арахецна и дневникаш эшахь а, ца эшахь а йохкаяла езаш хилар тIедожош аудио.

Иштта министралло даредарца, школан директоршка дневникаш тIеэгош я багахь а, я йозанца а урхалло дина омра дац.

Грозненск кIоштан дешаран декъан куьйгалхочун гIовса Хасбулатова Маликас (Маршо Радион аьтто хилира, иза мила ю хаа) аьлла, шега гIо дехнера хьуьнарчаша дневникаш йохкарехь. Итта накъосталла деш яра ша аьлла. Базарахь, туьканашкахьчул а йорах а яра уьш, 90 сом бара хIоттийна мах. Я дешаран министраллан тIедожор а дацара и аьлла Хасбулатовас.

Карарчу хенахь цхьайолчу хьосташа балхара йохийна боху Хасбулатова, вукхара цхьана ханна мукъаяьккхина олу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG