ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьра нах ара ца билийта лехамашка ло нохчийн Iедало


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан агIончаш хилла аьлла Нохчийчуьра масех гей лехамашка велла меттигерчу Iедало аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале гомосексуалистийн эвакуаци ечу бакъонашларъярхойн организацин векало. Цо бахарехь, Оьрсийчуьра гейш арабахарна дуьхьалоярхьама нохчийн Iедало юкъадаьккхина и.

"Масала, кху деношкахь террорхойн могIаршка яьккхина Устрада-ГIалара едда цхьа йоI. Шен деца-ненаца проблемаш яра цуьнан, цундела цIера дIаяхана иза. Цхьа Шема яха дагахь а яцара иза, динца дIоггара уьйр йолуш а яц. Цхьа а тоьшаллаш дац я иза Европе, я Шема дIаяхана бохучун. Бух боцуш информаци ю иза", аьлла бакъонашларъярхочо.

Иштта кхечу бакъонашларъяран юкъаралло а чIагIдо, нохчийн полисхой нехан цIа а оьхуш, цаьрга нуьцкъаша кехаташна куьйгаш яздойтуш леларх, церан кIант я йоI Шема дIабахана бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG