ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Устради-ГIалара яйна йоI Москох ю, Шемахь яц


Устради-ГIалара цIера еддачу Дудуркаева Луизин гергарнаш цакхетамехь бу, шайн йоI экстремистийн тобанех дIатохарна. Шинарийдийнахь масех хаамийн гIирсаша яздо, байначу беттан юьххьехь цIера йоьда-йита а доцуш дIаяхана йоI Шема боьдучу новкъахь ю "Исламан пачхьалкх" олучу тобанах дIакхета аьлла.

"Кавказ.Реалии" порталан зIе хилира яйначу йоьIан гергарчуьнца. Телефонехула динчу къамелехь, цо хаийтина шаьш инзаре хиларх цхьацца йолчу хьосташа интернетехь Луиза ДаIишхошца уьйрашкахь хилла бохуш яржийна информаци бахьанехь.

"ЙоьIан дена-нанна хууш ду иза Москох хилар. Социалан машанашкахула шена кхерамаш тийсича дIаяхана иза", аьлла Дудуркаева Луизин гергарчу йоIа, хIун кхерамаш буьйцу аьлла делла хаттар жоп доцуш а дуьтуш.

"Кавказ. Реалии" порталан журналистийн болчу хаамашца, Луиза Москох ю, цуьнан дахарна цхьана а кепара кхерам а бац, иза цIераяларан бахьана шен гаргарчу нахаца цхьацца долчу хIуманца цакхетам хиларна ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG