ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Рэппер Тимати бургерш йохка дагахь ву Кадыров Рамзанна


Стохка шо чекхдолучу хенахь фастфуд бахьанехь дов даланза висира ши доттагI – рэппер Тимати а, Кадыров Рамзан а. Iуьйранна 5 сахьт даьллачу хенахь дар-дацар хиллера цу шинна юкъахь. ХIетахь Тиматис дош деллера, кху аьхка Соьлжа-ГIfлахь бeргерш юхку ресторан схьайоьллур ю аьлла.

"ХIинца со декхаре ву Нохчийчоьнан куьйгалхочун дуьхьа бергеран хIусам схьаелла. Халялан йоцу бургерш халялан а хулуьйтуш", - аьлла,дIахьедина рэппера.

Шен дош лар а деш, карара бутт бовш Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь ресторан схьаелла кечамаш беш ву Тимати.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG