ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхошца керла тIом болийна Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана денна бохург санна кегийрхошца кхетош-кхиоран болх дIабахьа беза аьлла, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн агIончаша ен пропаганда тIе ца эцийтархьама цаьрга. Имамашна тIера полисхошна тIе кхаччалц нах юкъа а озош, бан беза и болх аьлла цо.

"Шаьш бусулба ду а бохуш, Шемахь маьждигаш хIаллакдо Иблисан зуламхоша", - аьлла, яздина Кадыровс Инстаграмерчу шен пена тIехь.

Хьалхо иштта кIоршаме дIахьедар динера Кадыровс, регионан дозантIехь "Исламан пачхьалкхан" хьожа а юьтур яц ша, ткъа цигарчу тIаме бахначарна даймахка юха бахкар а доьхкур ду ша аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG