ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басков: Лопырева чохь Iийр ю, юург а еш


Соьлжа-ГIалахь нускал дерзо лаьа шена, оцу тойнехь уггар веза хьаша-теш хьо а волуш аьлла, мехкан куьйгалхоче Кадыров Рамзанера пурба а даьккхина, гIара-тата дайна Оьрсийчоьнан иллиалархочун Басков Николайн.

ГIадужу-беттан 5-чу дийнахь, Кадыровн винчу денца а нисдеш, дIакхайкхийра модел Лопырева Виктори ю ша ялорийг аьлла. Йовхонна леринчу фестивалехь Басковца цхьана яцара Лопырева. Иза дерриг дитина садаIа Испане яхара, цигара Желтойн махкахь шен йина де а даздеш.

Ткъа "Йовхо" аьллачу фестивалехь Басков Николай керлачу "нускалца" Август Алиница гучуваьлла.

Журналисташна интервью лучу Басковга хаьттинера, тIейогIучу хенахь хIун лелон дагахь ю хьан хинйолу хIусамнана, аьлла. Цунна эшарш лакха цкъачунна ца лаьа, цундела чохь Iийр ю, шена юург а латтош аьллера шоумена.

Лопыревас цкъачунна оцу хьокъехь шена хетачух аьлла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG