Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчаша шайн эскарш хьийсадо Украинан дозанерчу кIошташка. И хаамбо Фейсбукерчу шен агIонтIехь халкъан депутата, «Информацин дуьхьало» тобан координаторо Тымчук Дмитрийс.
"Оьрсийн оккупацин эскарш Украинан дозанашкахь чIагIдархьама Волгоградера тактикан батальон кхачийна (церан дислокацин меттиг Нохчийчуьра Ханкала ю)", - яздо Тымчука.
Иштта боху цо, Донецкан, Луганскан республикашкара эскархой Оьрсийчу ца гIортийта а, украинхойн-оьрсийн Ростов кIоштара дозанаш лардан а Къоман гвардин тIемалой а балийна.