ТIекхочийла долу линкаш

Дешарх хIун пайда хуьлу болх ца хилча? И хаттар могIарера дац Нохчийчохь. Дан хIумма а доцуш мукъа Iаш болчу бахархойн хьокъехь официалан гIарадоху терахьаш шеконе делахь а, Нохчийчохь хIора шарахь эзарнашкахь дебаш, дукълуш ду болх - некъ боцчеран могIарш.

Iедалан балха хIитта таро ерш Iаламат кIезиг бу, стенна аьлча, хьо мел чIогIа дешна велахь а белхан меттигаш вуно кIезиг ю.

ШолгIа, бахархоша шаьш даре ма-дарра, балха дIахIуттуш а бан беза токхамаш, дешарехь кIаргвелла, корматалла караерзийна велахь а.

Массо хIуманна а-деша ваха а, балха хIотта а, хьалха даккха дезарг ахча ду. И ца хилча, когашша-м беттар бу, амма Iалашоне-м кхочур вац боху Шелан кIоштерчу вахархочо Хаважис.

"ДIо-о къинхьегаман биржехь дIаязво,амма цара деш гIо-м дац»

Хаважис: "Кху махкахь хьехархо а, юрист а, экономист а вахьа меттиг яц. Алапашший, кхаьънашший эцархьамий болх беш ю-кх доьшийлаш. Цхьаллиг цхьанхьа дIаоьцуш бац говзанчаш. Коча мидалш оьхкина водахь а, хьо оьшуш вац-кх дIадала хьан ахча дацахь.ТIехула тIе дас-нанас юучунна, некъана дойу ахча юха меттахIотталур долуш а дац,стенна аьлча, болх бац. ДIо-о къинхьегаман биржехь дIаязво,амма цара деш гIо-м дац".

"Со деша гIур а вац..."

Дукхахболчу могIарерчу нахана маьIна ца го, деша а вахана, корматалла караерзо гIортарехь. Цундела цара шаьш-шайн амал бо хене бовла, бIо ца къажош тIелоцу мел ницкъала, хала болх а. Ша деша ваха гIорта а ца гIоьртира боху 19 шо долчу Iалавдис.

Iалавди: "Со деша гIур а вац. Вахча а болх бац. Карабеъана болх беш ву со. Кху сохьта со кибарчиг юьллучу пхьеран гIоьнча ву".

Воккха хилла аьлла, балхара дIаваьккхина Соьлжа - гIалин кIоштера Шидаев Масхьуд. Хьашт-дезарш листа пенси тоъане а цатоарна юкъ-кара таксахо хуьлу шех боху цо.

"Къайлах, къулах сом-ком даккха-м гIерта со"

Масхьуд: "Болх бан ма бац. ДIахIотта воьлча хьо воккха ву олий тергал а ца во. Такси хахка а ца вуьту, кехат даккха бохуш. Къайлах, къулах сом-ком даккха-м гIерта со».

Болх маьхаза нислуш бац, цундела кIант деша цавахийтарна ша хIумма а дохко а ца яьлла боху Соьлжа - гIалин юххерчу эвлахь ехачу Рукъидата.

Рукъидат: "Болх бац я хир бу ала меттиг а яц. Ас кIант ца вахийтира деша, стенна аьлча, мичхьа дешнехь а бохча хила деза. Тхан и таро яц".

Кхаа йоIе дешийтина Соьлжа -Iалин кIоштан ГIулари юьртарчу ялх беран нанас Сацийтас. Цаьрга дешийта оьшуш хила а хиллерий те аьлла шеконехь ю иза тахана.

Сацийта: "Деша-м дешийтина кхаанга, амма болх-м бац. Кехаташ чу-м делла цхьанхьа, шинхьа. Цкъачунна хийцам бац. Цхьаболчара ахча кховдо деза а боху, схьааьлла хIума-м дац тхоьга. Деша дахийта дезаш кхин ши бер а ду сан. Уьш бахийтича а эрна харж ю-кх вай еш ерш бохуш ойланехь ду-кх тхо".

Дукха хена дуьйна тIулг а, экъа а, пилта а юьллуш говзанча-къинхьегамхо ву Гуьмсан кIоштера Леча, цхьанхьа дешна а воцуш, ткъа цуьнан подсобник олу гIоьнча лаккхара доьшийла чекхъяьккхина юрист ву. Лечас дуьйцу.

Леча: "Ахь мел дешча а болх бац. Сан хьадал-вадал юрфак а яьккхина юрист ву. Сан вешин кIант ву. Вуз яьккхичча пайда буй токхам ца бича болх-некъ нислуш ца хилча. Цу тIе ахь и делча а тIаьхьало йолуш хIума а ма дац. ХIинца сан ваша хIара воккханиг Европе дIавахийта лол бетташ ву-кх, цигахь цхьа аьтто хиларе сатуьйсуш".

Ахкаме ваьлча гучудолу махкахь тайп-тайпана доьшийлашкахь Iилма Iамийна, дипломаш карахьдолчу говзанчийн къоьлла цахилар, бакъду,I едалан хьостанаша Iорадохучу терахьашца бIоста а нислуш, мел бу а ца хууш дукха бу болх-некъ хиларе сатуьйсурш.

XS
SM
MD
LG