ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнна санкцеш тоьхна Трампа


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш йоху низамна куьйгяздина. Bloomberg агенталло бина и хаам. ПIераскан дийнахь Iамеркан Сенат а тIетайна Оьрсийчоьнна дуьхьал санкцеш чIагIъечу низаман проектна.

Документо доза туху мехкадаьттан-газан проекташна хьажочу инвестицешна а, иштта тIедуьту Вашингтоно кибертIелатарш дарна а, адамийн бакъонаш хьешарна а, коррупци лелорна а бехкебечу цхьаболчу Оьрсийчоьнан бахархошна пачхьалкхе бахкар дехкар а.

Оцу низамо Трампан бакъонаш а йоьхку. Конгрессан пурба доцуш президентан йиш хир яц санкцеш юхаяха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG