ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Драматургна Жилкин Михаилна ницкъ бина Нохчийчохь


Фейсбукерчу шен агIон тIехь драматург Жилкин Михаила пост хIоттийна, масех шарахь Нохчийчохь ша нуьцкъаша сецийна хиларх, кехаташ схьа а даьхна. Карара ваьллачул тIаьхьа кхерамаш туьйсу шен дахарна Нохчийчуьра яздо Жилкина.

Цо бахарехь, масех шо хьалха риэлторша Iехийна Наро-Фоминскера шен петарх ваьллачул тIаьхьа Нохчийчуьрчу цуьнан накъоста Гуржиханов ИбрахIима ша гIо дийр ду аьлла, кхайкхина кхаьчна Соьлжа-ГIала. Гуржихановс карахь мел долу кехаташ а, банкан карта а дIа даьккхина деа шарахь вацийна ша боху дараматурга. Иштта декхаре вира ша боху заьIапхочун пенси цунна дIадала а, весетан кехат юхаяздан а. Оцу шерашкахь лаккхарчу даржехь вара, цо бахарехь, Гуржиханов.

Кху Iай цо йиттина, шинхьа ког а кагбина висича, «Меморил» центре орца а даьккхина драматурга. «Мемориалан» куьйгалхочо Черкасов Александра «Эхо Москвы» радиостанцига дийцарехь, кхерамаш бу Жилкинна Нохчийчуьра. «Ситуаци еккъа криминале ю», - аьлла бакъонашларъярхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG