ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Уггар а радикале нохчий лерина Австрин говзанчаша


Уггаре а дукха радикале нах нохчашна юккъехь хилар гайтина Австрехь зорбане баьллачу талламо. Венерчу университетерчу бусалбачийн теологин факультетан белхахоша тIаьхьарчу 1,5 шарахь хеттамаш бинера, террорхойн тобанашца уьйраш хиларна я цаьрца озабезамаш хиларна набахте боьхкинчу нахаца. Цу хеттамашкахь дакъалаьцначийн кхозлагIа долу дакъа нохчийн къомах кегирхой а, гIеметтахIиттина нах а бара.

Нагахь санна хIинцалц схьа Европехь бинчу талламаша гайтинарг, радикале боьрзуш болу кегирхой царна шайн дин ца девзаш хиларна джихIадхоша Iеха а бой, шайн идеологи царна марзйо боху жамIаш гойтуш хиллехь, хIинцалерчу талламо гайтина, цу кегирхошна гIеххьачул дин девзаш хилар а, церан доьзалшкахь дин дийцаре деш а, лелош а хилар. Иштта хеттамашкахь дакъалаьцначу нохчех цхьаъ Iелим ву, кхин а масийта шайн мукъа хан маьждигашкахь йохуш хилла суьпийн кегирхой бу.

Iилманчашна юккъехь йоккха IалагIож яьккхина Венерчу университетан талламо. Цхьаццаболчу джихIадхойн а, экстремизман а аналисташна хетарехь, цу талламан жамIаш шеконаш кхуллуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG