Петарбухан цIарх урам схьабиллина Соьлжа-ГIалахь еарийдийнахь. Петарбухан губернатор Полтавченко Георгий а вара оцу бараме веана.
Советан заманара дуьйнна Интернационалан хиллачу урамо тIейогIучу хенахь Петарбухан цIе лелор ю. Тобина и «керла урам» гонах дитташ дугIуш, садаIа гIенташ хIиттош.
Ураман цIе хийцар даздеш куьга йина йоккха топ кхоьсира, яздо «Оьрсийчоь 24» телеканало.