ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный юха а кхеле велла


"И Димон вац шуна" ("Он вам не Димон") филм бахьанехь коррупцица къийсам латточу фондана а, оппозиционерна Навальный Алексейна арз дина кхеле премьер-министрца Медведев Дмитрийца цхьана классехь дешначу Елисеев Ильяса куьйгалла дечу «Соцгорпроект» фондо.

Оьрсийчуьрчу бакъонан а, кхелан информацин агенталло (РАПСИ) хаамбарца, фондо дехна кхеле Навальныйна а, коррупцица къийсам латточу фондана а тIедиллар оцу юккъера цхьайолчу информацина керстдар.

Иск чуеллачу фондана хетарехь, "Иза Димон вац шуна" филмехь Навальныйс а, фондо гойту Усманов Алишера 5 миллиард сом доьху цIа Медведевца йозучу «Соцгорпроектна» далар, иза кхаъ балар ду аьлла.

Хьалхо «Соцпроекто» дехнера Навальныйга шен лаамехь масех дакъа юцу филма юкъар дIадаккхар, ткъа оппозиционеро тIе ца дитинера.

Ши бутт хьалха Усманов Алишера а кхеле велира Навальный. ХIетахь бизнесмена иск тIеийцира кхело. Навальный декхаре вира Усманов коррупцица воьзна хила тарло бохург бакъцадар.

Оппозиционеро дуьхьало йира кхелан сацам кхочушбан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG