Африкахошна герз тохарехь декьах хиларна шеконашца лаьцна Страсбургерчу полисхоша цу гIалахь вехаш волу цхьа нохчо. Хьалхо Старсбургерчу полицино хаам бина ма-хиллара, масех де хьалха герз тоьхнера цабевзачара цхьана меттигерчу африкахочунна. Лазийнарг, хетарехь, ши бутт хьалха нохчочух леттачу талорхойн тобанца уьйраш йолуш хиларна, полицин шеконаш кхоллаеллера, хIинцалера тIелатар динарш нохчий хила мега, аьлла.
И стаг шен машен чохь лаьцна. Полицино бинчу хаамца, там бу иза африкахочунна герз тоьхначаьрца декьах хила. Iедалхоша чIагIдарехь, герз диттинчаьрца машенахь иза хилла аьлла тоьшаллаш дацахь а, амма там бу иза царна гIодеш хилла.
40 шо долу и стаг набахте воьллина, кхел хиллалц. Цу юкьана Страсбургера нохчий тешна бу, лаьцнарг бехке цахиларх. Маршо Радиоца кьамел динчу цу гIалин вахархочо элира, лаьцна волу жима стаг бехк боцуш юхьарлаьцна ву Iедалхоша, иза ларамза герз дитинчу меттехь нисвалар бахьана долуш.