ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Корейна дуьхьал санкцеш яха тарло ООН-о


Къилба Корейна дуьхьал санкцеш чIагъярх резолюци листа таро ю шоьтадийнахь ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташоно. ООН-ан дипломатна тIе а тевжаш, агенталлаша дийцарехь, схьахетарехь Китай а, Оьрсийчоь а тIетовр ю цунна.

Болчу хаамашца, пIераскандийнахь кхаьчна и кехатан проект Кхерамзаллан Кхеташоне. Цуьнца а догIуш, эмбарго тухур ю Корейра чукхоьхьучу кIоранна а, эчигна а, дашна а, хIордан сурсаташна а. Резолюци тIеэца таро хир ю, нагахь санна, Кхерамзаллан Кхеташонан 15 декъашхочух 9 куьг айдахь.

Дукха хан йоццуш Корейс баллистикан ши ракета хьалахецар бахьана долуш, Iамерка ю инициатор царна керла санкцеш юкъаяхарна.

ООН-ан хьалхалерчу резолюцешца а догIуш, Къилба Корейна йихкина ю зарратан а, ракетан а программаш. ХIетте а саца ца до цара шайн зераш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG