ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Латтайойла нохчашна Европа!"


Нохчийн, австрихойн бераш
Нохчийн, австрихойн бераш

Европа хьокъехь Iедалхоша деш долу къамелашший, могIарерчу наха дуьйцурггий чIогIа морзахе дуьйлуш ду. И мел бакъ ду? Мел бен-башхалла йолуш ду Европера дахар а, Оьрсийчоьнан кIошташкахь гуш дерг а? Цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш каро со дагавийлинчех цхьаъ ву махкахь вевзаш волу байтанча-гочдархо, ненан меттан говзанча Хатаев Хьусайн. Франци пачхьалкхехь шо зама а яьккхина, хIинцца-хIинца хьажа-хIотта цIа веъна ву Хьусайн. Цуьнца нисделла интервью кепехь хIара къамел.

"Йоккха башахалла Оьрсийчоьнна а, Европана а юкъахь"

Маршо Радио: Европехь, кхузахь, дустаран кепехь аьлча, мел башхалла карийна хьуна дешар,Iилма Iаморехь хуьлда иза, дарба лелорехь хуьлда иза?

Хьусайн: "Масала лоьралла схьаэцча. Хьо лоьрана тIекхача дIаязвелла-кх. хьан раж тIекхаьчча лоьро ша ара а волий, хьан цIе а кхайкхайой, хьоьга куьг а луш маршалла хотту. Юха цо хьоьга ладугIу. Цхьана кепара хьол хьалхавийла, хьо нисван ца гIерта лор. Цу юкъана и лор волчу цхьа да чувогIуш а вац, зIе тухуш а вац цуьнга. Оцу ханна и лор хьан ву-кх. Ткъа кху цIеран хьал муха ду вайна хаьа. Башхалла йоккха ю".

Маршо Радио: Хьо Европе дIакхаьчча и бакъ ду - те дац -те, хIан туьйра ду те.. Мел ойланаш йина ахь?

"Европехь массо хIума а хила ма-деззара ду, къовзийна, къадийна дац"

Хьусайн: "Валлай со даггара цецвийлина-кх. Хьажахь лоьро ша ара а ваьлла, маршала хаттар а, куьг а делла хьо чувигар а ма мах болуш хIума ду хьо бохуш цецвийлина-кх со. Вай цIахь ма генахь ду ишта хIума хила.

Доьшийла схьаэцча, Францехь цхьана кепара хьуна ца тов, хьуна ца оьшу, ницкъала,хьо холча а хIиттош, хьуна дешар,Iилма Iамош дац. Дешна волуш, лакхарчу доьшийле ваха хьан Iалашо елахь тIаьххьарчу шарахь, ахь караерзо леринчу корматталлех хаарш ло хьуна. Оцу говзаллина доьшу-кх ахь тIаьххьарчу шарахь. Цигахь массо хIума а хила ма-деззара ду, къовзийна, къадийна дац".

Маршо Радио: Кхечу дуьнене а вахна шо даьккхина-кх ахь. Нийсо, бакъо ларьярехь, йохкаэцарехь муьлхха а кхечу декъехь…

Хьусайн: "Хьо цхьана пачхьалкхе дIа а кхаьчна, Iедална тIевахний хьо? Цу Iедална хьо гучуваьллачул тIаьхьа кхиндIа ахь сагатдан ца оьшу. Цунна хьо вуй хаьа. Ахь цхьангге а кхаьънаш кхийдо а ца оьшу.

Хьо араваьлча, мичча хена а, некъ хьайн маьрша буй хаьа хьуна. Хьо Франце а веъна хьо Iедална гучуваьллачул тIаьхьа хьо тешна ву-кх хьо тергамза вуьтур вац, хьайн гIуллакх луьстуш а, нислуш а ду аьлла…".

Маршо Радио: Уггар хьалха хьо цецваьлларг хIун ду церан дахар довза волавелча?

Хьусайн: "Уггар хьалха ас тамаш бинарг церан урамаш,дитташ, церан юкъара хьашт-дезаршна леринчу коьчаллех.. Цхьанхьа а ахчанаш кхийдо ца деза. Оьрсийчохь массо меттехь ахча доккху… Iедалца йолу юкъаметтиг цигахь кхечу кепара ду,Iедал бакълена а халкъана децаш ду цигахь. Президент вилспетахь балха а воьду. Оьрсийчохь, кху цIахь иштаниг хила тарлуш а дац…Цхьа да цигахь хьоьга гома хьоьжуш вац. Со стенна саготта ву хьаий? Ас Деле доьху-кх, латтаелахь Европа, тIеоьхучу нахе гал ма яккхийталахь иза. Iилманан юьхь а, хьалхе а –массо хIума а цигахь ма ду! И йохахь кху цIахь ма дац лаца хIума».

Карарчу хенахь шаьш нохчаша: цигахь Европехь ирсе хиллачара а, кху цIахь хене буьйлучу церан гергарчара а, шеко а йоцуш, шайн даккхийдер лечкъа а ца деш, Далла хастамаш бо, вайнахана Европех гIортор, тIетовжийла х

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG