ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра харц орца кхачийна Петарбуха


Шоьтадийнахь суьйранна Петарбухарчу Бизнес-Центран офисе телефон тоьхна Нохчийчуьрчу вахархочо оцу хIусам чохь юьйлина мина ю аьлла. Оцу сохьта цу чуьра а, уллерчу офис чуьра 60 гергга стаг ара а ваьккхина, талламаш дIабаьхьна. Эккхар йолуш хIуммаъ ца карийна полисхошна.

Теллича гучудаьлла хьенан телефон тIера баийтинера горгали. Телефонан да ю 46 шо долу Iалхан-Юьртара зуда.

Кху муьрехь гIуллакх кхи дIа луьстуш ду, материалаш оцу гIуллакхан хьокъехь Нохчийчу дIакхачор йолуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG