ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полтавченко: Маьрша ду Нохчийчохь


Петарбухан губернаторо Полтавченко Георгийс Нохчийчуьра юхавирзича, шен белхан хьокъехь а, Нохчийчоьнах а лаьцна иштта аьлла: "Нохчийчу воьдуш а самукъадолуш вахара со, иштачу дегахIоттамца юха а веара. Тхуна тхайн бIаьргашца гира, мел дуккха а мехал гIуллакхаш до оцу махкахь адамийн дуьхьа, церан дахар эвсаре дархьама. Ас дукха лерина теллира, Соьлжа-ГIала а, цуьнан кIошташ а. Масанхьа а адам маьрша, паргIат дара", - аьлла Полтавченко Георгийс.

Кху деношкахь Соьлжа-ГIалахь Петарбухан цIарах урам схьабоьллуш хьошалгIахь вара Петарбухан губернатор.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG