ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велосипедхошна машен тIетоьхнарг лаьцна Iедало


Карарчу беттан хьалхарчу дийнахь шина велосипедхочунна тIе машен а тухуш некъан авари ярна зуламан бехктакхаман гIуллакх даьккхина Нохчийчоьнан прокуратурано Морозов Иванна дуьхьал. Цхьаъ велла шина кIантах, шолгIаниг чолхечу хьолехь Соьлжа-ГIалин дербан цIийнан реанимацехь латтош ву. Прокуратуран сайто Инстаграмерчу шен агIонтIехь бина и хаам.

Къастийна Старопромыслан кIоштахь велосипедаш тIехь некъа тIехула дехьаволучу жимачу шина стагна машен тIетоьхна хилар Морозовс.

Юьхьанца социалан машанашкахула даржийра, машен тIетоьхнарг ведда, къайлаваьлла боху. ТIаьхьо юкъараллин жигархошна гIарадаьккхира, и зулам а дина цу меттера веддарг полисхо ву, цхьана ханна Нохчийчу гIуллакх дан веъна Ставропол мехкан Благодарный гIалара низамхо Морозов Иван аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG