ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшерчу суьдо террорхошна гIо дина аьлла чувоьллина 3 нохчо


Полша - Белосток гIалахь дIатарбина бу дуккха а нохчийн мухIажираш.
Полша - Белосток гIалахь дIатарбина бу дуккха а нохчийн мухIажираш.

Полшехь Белосток гIалан суьдо, ши шо цхьа бут хан а тухуш, чувоьллина шаьш нохчий ду боху Оьрсийчуьра 3 вахархо, хаам бо РБК-но. Царна бехкедиллинарг ду террорхошца уьйраш лелор.

Дуьххьара кхеле озийнарг вара 4 нохчо. Амма царах цхьаъ бехказа витина кхело. Полшин прокуратуро бехке бина нохчий зуламхойн тобанан декъашхой хиларна а, «Исламан пачхьалкх» тобанна накъосталла дан ахча лахьорна а.

Адвокаташ дехарш дора уьш бехказа битахьара, цара лахьийна ахча Ичкерин агIончашна накъосталла дан хьажийна дара бохуш.

Виъ нохчо лаьцнера Полшин кхерамазаллан сервисан белхахоша ши шо хьалха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG